"Маршо" Радионан - 60 шо

Германи -- "Маршо" Радионан дуьххьара гIишло, Мюнхен,1953

60 шо кхаьчна "Маршо" Радионан дуьххьара эфир тулгIенашка яьлла. Вуно мехала дара цо Оьрсийчуьрчу тоталитаран Iедалца къийсам латтор а, къаьмнийн кхетам демократехьа баккхар а юьхьараэцар. Дезчу денна лерина ду "Маршо" Радионан президентан Клоуз Кевинан къамел.


Клоуз: "Ас дозалла до, «Маршо» Радионо дуьххьара шен болх болош, Советан пачхьалкхан бахархошна оьрсийн маттахь къамел динчу 1953 шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьа 60 шо кхаьчна хилар билгалдаккха тахана сайна сий кхаьчна.

Оха тхайгара бовха ларам дΙакхайкхабо хΙетахь оьрсийн меттан Радионан декъехь болх бинчаьрга а, шайн балхана мутΙахь а болуш, тахана къахьоьгучу журналисташка-профессионалашка а.

Иштта оха дΙакхайкхабо тхайн ларам, 60 шарахь бакъйолу, йозуш йоцу информаци йовзуьйтуш, бакъдерг леха къад ца луш, Оьрсийчоьнна а, дерриг дуьненна а адамийн бакъонаш, синкхетаман а, политикан а маршонаш хьоьхуш ехачу «Маршо» Радионан тулгΙенаш схьа а карош, тхоьца бехачу ладогΙархойн миллионашка а.

Оха ларам бо и болх тахана а беш схьабахьачу нехан, дош ло шуна, тхан ладогΙархой, сайтийн хьеший – уьш сийлахь-йоккхачу Оьрсийчохь миллионашкахь бу – тхешан болх тахана а, тΙейогΙучу заманахь а, шуьца дага а довлуш, эвсарбаккха а, тоьлла белхан кепаш леха а".

http://www.svoboda.org/flashembed.aspx?t=vid&id=24916211&w=640&h=429&skin=embeded