Итт шо даьллехь а, йиц ца ло Беслан

Школехь 300 сов сурт ду беллачийн. Бохам хилларх, метта ца хIоттош, дагалецаман хIоллам бина школин херцарех. Бахархоша, делла бераш дагалоцуш, тайп-тайпана тайнигаш кхоьху цига.
 

Качмазова Аминин 8 шо хилла школа д1алаьцначу хенахь. Школи чохь закъалтхо лаьттинчу цуьнан бIаьрг баьккхина хIахь. Владикавказехь университетехь дуьненаюкъара зIенаш Iамош ю иза.

Кокова Оксанин юьжучу чоьнехь хан сецна лаьтта. Цуьнан дас Руслана даима а йиллина юьту неI. Школе лаьцна а йолуш, цу чуьра яда аьтто баьлла Оксанин, амма шен накъостий-бераш кIелхьара даха яхча, юха ца еъна. 15 шо хилла Оксанин.

63 шо ду йийначу Оксанин ден Коков Русланан. ЙоI ерал совнаха, оьрсийн эскарша деттачу герзаша корах дохийнера шайн, дагалоьцу цо. ХIинца а ангалеш дIатохаза ду – хIетахьлера трагеди йийъян ца лаьа цунна.

Ша 20 шарахь хьоьхуш хиллачу меттехь лаьтта 54 шо долу историн хьехархо Гуриева Надежда. Шен кхаа бераца цхьана йийсарехь нисъелира иза школехь. Цигахь елира цуьнан цхьа йоI.

Дзебисов Азаматна ваша санна вара шича Заур. Иза шиъ а, Азаматан нана Светлана а дара лаьцна школехь. Заур вийра. Азамат доьшуш ву Москох, амма хIора аьхка а вогIу школе, Заур дагалоцуш.

Гаитова Ленин а, йижарийн ЦириховгIеран – Заринин а, Разитин а 12, 14, 10 шераш дара хIетахь, 2004-чу шарахь. Уьш къелхьара бевлира, школера бевдда. Амма Ленин ваша Алан вийра. Кхо йоI цхьана дешна ю Москох институтехь. Школин библиотека хиллачу меттехь лаьтта уьш  сурт доккхуьйтуш.

11 шо дара Джоева Кристинин. Иза а, цуьнан йиша а, нана а школехь лецнера. Иза а, нана дийна йисира, ткъа йиша Дзера йийра.

 

Джоева Дзерин каш. Бераш дIадоьхкинчу кешнех «маликийн кешнаш» олу.

Кху деношкахь меттигерчу бахархоша тайнигех дIацIанйира спортзал, бохам хилла 10 шо кхочуш наха йохьур йолчу кхечу тайнигашна меттиг боккхуш. Оцу чохь тайп-тайпан дагалецаминй барамаш хир бу кху карарчу деношкахь.