Соьлж-ГIалина жоп делла СаIудерчу салафиташа

Your browser doesn’t support HTML5

Соьлж-ГIалана жоп делла Саудера салафиташа

Зазадоккху-беттан 21-чу дийнахь кхаа денна хьажийна дуьненаюкъара бусулба конференци хилла Маккахь. Цигахь бийцаре бинарг бара дешан маршо а, шарIо дуьйцург а боху кхетам, яздо «Кавказ.Реалии» сайто.

Цу материалан авторо Меренкова Любовс дийцарехь, конференци дIаерзош тIеэцначу дIахаийтарехь аьлла ду Исламан мазхабаш тайп-тайпана хиларх лаьцна. Конференцин декъашхоша кхайкхам бина бусулбанашка вовшашца а, Ислам динехь боцучу нахаца а машаре хила аьлла а, дин лелош шаьш дехачу кхечу пачхьалкхийн низамаш доха ма де аьлла а.

Конференцино варе бо бусулбанаш, терроризм а, экстремизм а лелоран бахьанехь лаьцна ойла яре кхойкхуш, и дерриг а маьршачу гIулчашца бен нислур доцун дела.

Аналитикашна хетарехь, Маккара конференци ша-тайпа жоп ду Соьлж-ГIалахь 2016-чу шарахь Марсхьокху-баттахь хиллачу форумна салафиташа делла долу, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайто.

Соьлж-ГIалахь вовшахтоьхна конференци яра «Муьлш бу суннатой?» цIе йолуш. Цу форумо баккхийн къийсамаш кхоьллинера бусулбанашна юкъахь. Цуьнан коьрта бахьана дара Соьлж-ГIалахь гулбеллачу наха сацам бина хилар, салафиташ олу нах суннатой бац аьлла. (СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхана урхалла деш болу нах шаьш салафиташ лоруш бу).

Дерригдуьненан Исламан Лиго вовшахтоьхначу Маккарчу конференцехь Оьрсийчоьнан цIарах дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Оьрсийчоьнан Азерчу декъан бусулбанийн муфтий Аширов Нафигулла а, «Гулам» олучу юкъараллан вовшахтохараллийн ассоциацин куьйгалхо Саляхетдинов Мухьаммад а.

Конференци йоьдуш а йолуш, цуьнан декъашхочо аль-Ауни Хатима Твиттерехь йолчу шен агIон тIе сурт хIоттийра, Межиевс шена елла дашо кхелина батта чохь йолу шаьлта кара а эцна. Цу сурта къел яздинера Аунис, Нохчийчоьнан муфтий а, динца доьзначу хаттаршкахула Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча а (Шахидов Адам) ша волчех хьошалгIахь хилира, нохчийн совгIат -- баккъалла а йолу шаьлта елира шена аьлла.

Маккахь хиллачу конференцехь дакъалецира иттаннаш исламан пачхьалкхашкарчу диндайша. Царах 40 Иракъера суннатойн Iелам стаг а, ткъа иштта Туркойчоьнан а, Мисаран а динан министраш а бара.

СаIудийн паччахьан цIарах конференцехь вистхилира Маккан губернатор аль-СаIуд Халид Фейсал ибн Абдель-Азиз. Бусулба пачхьалкхийн векалийн цIарах къамел динарг вара Гормезу Мехмет.

«Аль-Джазира» телеканало дийцарехь, конференцехь дуьххьара дакъалоцуш бара ГIажарийчуmра Систан а, Белуджистан а провинцера суннатойн Iелам нах Исмаил Абдель-Хьамид а, Касим Мухьаммад а.

Маккарчу университетан хьехархочунна ас-Саиди Мухьаммадана хетарехь, конференцехь СаIудера динан дайша (доккхачу декъехь салафиташа) гайтира шаьш тIеоьцуш хилар суннатан исламехь йолу башхаллаш.

«Бусулба динан Iилманчийн юкъаралла кхоьллинчу нахана юкъахь бу суфийш а, ашариташ а, матуридаш а (ас-Саидис цIераш йоху тайп-тайпанчу бусуба философин школанийн). Уьш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара бу – Мисарера а, Мароккора а, Пакистанера а, Индера а», - даладо «Аль-Джазиро» ас-Саидин дешнаш.

Амма критикаш а бевлира. Абу-Дабин принц волчу аль-Нахайан Мухьаммадца гергарло лелочу Эмираташкара блогерна аль-Мазруи Хьамадана хетарехь, Дерригдуьненан Исламан Лиго вовшахтоьхначу конференцино цхьа а керла хIума ца деара бусулба нахана.

Амма цу дIахьедарна дуккха а реза боцуш нах бара блогершна юкъахь. Царах цхьаммо яздинера, "Нохчийчохь суфийша вовшахтоьхначу конференцехь тера хилийта лууш ву иза" аьлла.

Дагадаийта деза, Нохчийчохь Стигалкъекъа-баттахь Исламан керла конференци дIаяхьа дагахь хилар. Кавказ.Реалии сайто хьалхо яздина ма хиллара, Соьлж-ГIаларчу Iедалша и хаттар дийцаре дан долийна Iаьрбийн пачхьалкхашкарчу векалшца.

Оьрсийчуьрча диндайшна цкъачунна хууш дац цу конференцехь дийцаре дийр долу хаттарш муьлхарниш ду. Масала, керлачу конференце Соьлж-ГIала кхайкхинчарна юкъахь ву Кхарачойн-Чергазойчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьIил.

"Кавказ.Реалии" сайтана ша еллачу интервьюхь Бердиевс элира, ша цу конференцехь дакъалаца ойла йолуш ву, амма цкъачунна цигахь дийцаре дуьллург хIун хир ду ца хаьа шена аьлла.

Кавказ.Реалли сайто ялайо Маккарчу конференцин резолюци.