Шуьйтара 42 шо долу стаг вайна

Шуьйта кIоштарчу Шерипов Асланбекан эвлара 42 шо долу вахархо Баснукаев Беслан вайна шинарийдийнахь аьлла, хаамбо цуьнан гергарчара. Соьлжа-ГIала боьдучу новкъа шен машенахь араваьллачу Баснукаевн лар яйна, телефон яйина ю.

Ша воьдучу дIакхаьчна иза я ца кхаьчна хууш дац аьлла, «Кавказан узел» агенталле дийцина вайначун цIерачара. Цара бахарехь, Бесланан Iедалца цхьана а кепара проблемаш ца хилла.

Полицин декъехь Баснукаев варах хаам чу ца эцна. Стаг вайна кхо де даьллачул тIаьхьа бен бакъо яц аьлла иза лехамашка ваккха.