Шемин дозане гуллуш ду туркойн эскарш

Шема -- ХIомс-гIалина тIе деза герзаш детта Iедалан эскарша, 01Тов2012

Шемарчу эскаро Мангал-беттан 22-чохь туркойн тIеман кема чутоьхча дуьйна, дозане эскарш ийзо долийна Туркойчоьнан Iедало. И кема, оьрсийн эскаран говзанчаша гIо деш бен, охьадожадалур дацара Шемин эскаре, бохуш, дуьйцу Iаьрбийн зорбан хьостанаша. ХIунда аьлча, Израило шен тIеман кеманаш хийла хьийзийна Шемин коьрта гIалана Димашкъана тIехула, бухарчу эскаран хIумма дан ницкъ а ца кхочуш.

Иштта, шайн кема чу а тохийтина, IадIийр дац туркойн Iедал, бохуш, дуьйцу политикан тергамхоша. Либанехь денна арахоьцучу Ал-Нашра газето, туркойн зскар дозанехь, Шаманна чухахкадала кечделла, Iаш ду, боху, цхьа бахьана даллалц.

И бахьана хила тарло, масала, Башар Асадан Iедало Туркойчоьнан латта тIехь тхов-кIело лоьхуш чубаьхкинчу шемахошна тIе ракеташ я бомбанаш тохар. ТIаккха туркойн эскаро, Шеманна чоьхьа а даьлла, 30 чаккхарма аса чулаца тарло, Шемарчу эскарах дIакъаьстинчу гIаттамхойн "Маршонан эскарна" гIодеш.

Ткъа Iалашо иштта хиларан билгало ю, масала, Шемарчу гIаттамхойн эскаран карахь туркойн эскаро леладеш доллу герз хилар а, гIаттамхойн тIеман могIарш шайн кепаца туркойн эскарех тарбелла хилар а. Цу тIе, лаккхарчу даржашкахь болу Шемин эпсарш а бу дено-дено гIаттамхошкахьа буьйлуш. Уггаре коьртаниг, Туркойчоь цхьаьнакога яхна НАТО-ца, ю яккхий таронаш йолчу Iаьрбийн мехкаша, герзаца а, ахчанца а гIо лоцуш, къобал еш а.

Юьхьанца дуьйна Шемарчу Iедалехьа хилла йолу Москох реза яц Башар Асадна, иза шен лаамна тIера валарна, бохуш а дуьйцу зорбан хьосташа, массех Iедалхочо къайлаха бечу хаамашна тIе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан а, Шемин а юкъаметтигаш галйовларан ши бахьана ду, боху говзанчаша. Хьалхарниг - оьрсаша къайлаха махка кхачийна долу стратегин герзаш Башар Асада шен эскаран куьйга кIел дерзийна, оьрсийн тIеман эксперташ юьстах а баьхна. ШолгIаниг - Шемарчу Iедало шен эскарехь, оьрсашкахьа а волуш, лаккхарчу даржашкахь Iийна маситта Суннех схьаваьлла эпсар ирхъоьллина, Кремл ма олла, бохуш, юкъахьийзашшехь.

Туркоша шайн дозанера Шемин и 30 чаккхарма латта чулацахь, кхин а дукха эпсарш гIаттамхошкахьа бевр бу, аьлла хета тергамхошна. Ткъа иштта нислахь, Либанна чу а хахкалой, цигара латта чулаца, бохуш, хьехамаш бо Башарна цуьнан агIончаша.

Либанера латта чулаца атта хир дуй Шемин эскарна, аьлла, хаьттира Маршо Радионо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин цIарх Либанехь волчу нохчочуьнга Рамзан Мухьмаде.

Рамзан Махьмуд: "Туркой чубахккалц аьлла Iаш бац уьш-м. ХIора денна а чубогIуш бу. Стомара а дара кхузахь цхьа ирча хьал. Чу а баьхкина, полицин ханна йиттина, ши эскархо дIа а вуьгуш, и хIума лелийра цара-м. Бешахь гIуллакх деш верг а ца вуьту, чу а богIий, я тухий вуьй я дIавуьгу. Эскар дан а ма дац цу дозанехь. Шемахошна хIара Либан шайн ю ма моьтту".

МР: Даккхий эскараш-м дац-кх чудогIуш дерш, кIез-мезиг танкнаш ю?

Рамзан Махьмуд: "Танкнаш яц. Эскар ду чоьхьадийриг, я дозанехула кхуза чуетта. Гергахь ма ду церан эскар дозанна. Чу а богIий, шайна луъург а дой, дIабоьлху уьш, амма танкнаш а, даккхий герзаш а дозанехь ду. Шайна лиъча, ханна чу а богIий, шайна луъург, тухий, вен а вуьй, дIа а вуьгу. ХIора денна леладо цара иза.

Рамзан Мухьмад Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино шен цIарх хьолан терго ян Либане хьажийна ю 3 шо гергга хан.