Iаьнан Олимпиадан шолгIа де

Кёрлингах къовсалуш хьалхаваьлла воьдуш ву Норвегера Улсруд Томас.  

Роза-кIотарахь ша-у хохкуш зударшна юкъахь толам баьккхина Iамеркера атлето Андерсан Джеймис.  

Зударшна юкъахь хоккейх ловзуш Японерчу тобан тIехь толам баьккхира Швецерчу мехкарша. 

Гу тIера когсалазаш хохкуш къовсалуш ву Норвегера Свиндал Аксел Лунд. 

Гу тIера когсалазаш хохкуш божаршна юкъахь дашо мидал яьккхина Австрера Майер Маттиаса. 

15-тта километр некъ беш когсалазаш хохкуш къовсалуш бу атлеташ.  

15 километр некъ беш когсалзаш хохкуш туьйлира Швейцарера Колонья Дарио.

Швейцарера зударийн хоккейн тобанера ковлардархо Шеллинг Флоренция стадионе юьгуш ву Олимпиада дIахьош мехаза гIо деш волу волонтёр. 

    

Оьрсийчоьнан а, Германин а зударийн тобанаш хоккейх ловзуш хьовсуш бу хьовсархой

3000 метр гена мачийн когсалазаш хохкуш ю ХIолландера Васт Ирена. 

Чехера Сабликова Мартинас дато мидал яьккхина мачийн когсалазаш хохкуш (3000 метр). 

Олимпиадехь сакъоьруш бу хIара зударий.

Биатлон. Зударий. 7.5 килметр. Оьрсийчура Вилухина Ольга (дашо мидал).  

Биатлон. Зударий. 7.5 километр. Украинера Семеренко Вита (йоьза мидал).