ОБСЕ-н миссин белхахо вийна Донбассехь

ОБСЕ-Н лерринчу мониторинган миссин патрулан машен иккхина Донбассехь мини тIехь. Цхьа белхахо вийна, кхин цхьаъ чевнаш йина ву.

Цунах лаьцна хаам бина Австрин арахьарчу гIуллакхийн министро, карарчу хенахь ОБСЕ-н гIантда волчу Курц Себастьяна.

Болчу хаамца, вийнарг медик хилла, Iамеркан махкахо. Чевнаш хилларг ву Германера.