Къилбседа Каролина: полисхойн, протестхойн дуьхь-дуьхьал латтар

Бахархоша тайп-тайпана къепедацарш лелоран бахьанашца Iедало чолхечу хьолан раж кхайкхийна, Къоман эскарш чуоьзна Шарлотт гIала.

 

Маьрша демонстраци полицица тIеттIакхетта.
 

Протестхой лоьхкура полисхоша царна юкъа бIаьргаш Iовжон газ хецна.
 

Протестхоша полисхошна тIе шишанаш, петардаш лестайора.

16 полисхочунна чевнаш йина, царех цхьаъ чIогIачу хьолехь дарбан цIийнехь ву.
 

43 шо долу афроIамеркхо Кит Скотт Ламонт полисхочо вийча гIаьттина бахархой полицина дуьхьал акцица.
 

Шен машенчуьра охьавусуш Скоттехь герз дара бохуш, чIагIдо полисхоша.

 

Вийнчун гергарчара герз дацара, киншка яра бохуш, тоьшаллаш до.
 

И тайпа зуламаш Штаташкахь кест-кеста хуьлу. Кху кIиранах Скотт кхоалгIа афроIамеркхо ву полисхойн карах велла.

 

Дийнна кху шарахь Iамеркхойн полисхоша 706 стаг вийна.