Вайнехан суфийн зикарш

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а дукхах болу нах суфийн некъаца лелош бу.
Оцу дешан маьIна тайп-тайпана туьду. Масала, цхьаболчара иза Пайхамарийн заманахь миска нах бухахь гуллуш суффа цIе йолчу рагIонах ю бохуш дуьйцу. Вукхара – Iарбийн  "суф" – "тIаргIа" дашах.
 "Ас-сафа" – "цIано" бохург ду олурш а бовлу.
 

Вайнехан шина пачхьалкхехь ши тIарикъат ду- Накъшбандин а, Къадирин а. Вирдан коьрта дакъа ду зикр.

Уггар даьржина вирд Кунта-Хьаьжиниг ду. Кхечу Къадарийн некъахь болчеран санна, зевне зикр ду цара дийриг. 

Шийлачу хенахь зикр хIусам чохь до.

Кунта-Хьажин вирд доцург мехкашкахь масех къадирийн вирдаш а ду.
ЖиргIа лелорш а бу, кортош лестош зикарш дийраш а бу, инструменташца мукъам балораш а бу.

Корта лестош зикр дийраш сих-сиха шовкъе эга. Амма цхьаболчу вирдера наха шовкъе ваха ца магадо. Царна хетарехь, цул тIаьхьа ламаз юха эца деза.
 

Дуккхах йолчу хенахь зикр еарин а, кIиран а деношкахь до, ишта стаг веллачахь а до.

Зикр дечара хьеший дика тIелоцу, сурт доккхуьйту, кхачанах а кхоьтуьйту.

Коьртара песашца а, духарца а къастало мила муьлхачу вирдера ву.

Зикр дечунна вуон хиллера, амма иза сихха метта валийра.

Боьрша наха а, зударша а зикр цхьаьна ца до. 

Дукхачу меттигашкахь къена зударий хуьлу зикр деш берш, амма цара Iамабан кегий зудбераш а даладо.