Палмирин тIаьххьара денош

Цхьа шо хьалха а дукха тийна гIала яра Палмира. ХIара сурт 2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь даьккхина ду.  

Вайн хенан шолгIачу бIешарахь йина ю хIара Риман театр. Тахханалц Палмирин Фестивалаш дIахьора кхузахь. 

Йиш локхуш ю Нажуа Карам, Палмирера Фестивал, 2010 шо.

Палмирех хьал долу гIала хилла вайн хенан хьахарчу бIешарахь, Риман империна караяханчул тIаьхьа.

Баала олучу Палмирехь лоруш хиллачу делан хIусаманна уллехь лаьтташ ву Шемара полисхо. Стохка Зазадоккху-баттахь даьккхина ду хIара сурт. 

Салман-паччахьо кхоьллина лоруш ю Палмира. 

2008-чу шарахь Палмирехь кешнаш охкуш карийна барельеф. Цу тIехь бехкина бу цхьана доьзалера нах - 13 борша стаг а, зуда а.  

Оццу шарахь карийначу кху барьельефана тIехь бехкина бу Палмирера  совдегарш а,  бер а, эмкал а. 

Малх чубузуш бу Палмирехь. Лахьан-бутт 2010 шо.