Шемарчу чергазех дог лозуш

Майкопехь а , Нальчикехь а пикеташкахь лаьттачара дехкаре до Iедал Шемарчу тIамо дахар кегаре динчу чергазашна орцахдала.

Шоьтан дийнахь Нальчикехь пикете араваьлла Теуважев Беслан лецира полицино. Массех сохьтехь левеш кхебира иза полицин декъехь.

Москох Президентан администрацин хIусамна гергахь а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цIенна гергахь а, вовший хийца а хуьйцуш, дIаяьхьира Шемарчу чергазашна орцахбевллачу жигархоша шайн пикеташ.

Москохарчу полицин тергонехь бара пикеташка бевлларш.

Низамо цхьалха пикет хIоттор доьхкуш дацахь а, полицино шаьш лаьттачохь лебора протестхой.

Москох. Лахьан-бутт, 24-гIа де.

Москох. Лахьан-бутт, 24-гIа де.

Москох. Лахьан-бутт, 24-гIа де.