Ша волу нохчо цIера ваьлча, Нохчийчоьнах "Нохчийчоь" ца хуьлу

Москохана муьтlахьалла гойтуш, Республикан де даздан кегий нах вовшахтоьхна меттигера lедалша. Гезгмашин беттан 6-гlа Ичкери Йозуш Ца Хиларан де дара 1991-2002 шерашкахь, Соьлж-гlала, 06Гез2013

ХIун бахьана ду тхов-кIело лоьхуш арабаьккхина некъ ца тайна, юхабирзинчу наха, Нохчийчура Москохана муьтIахь долчу Iедалан пропагандехь дакъа лоцуш, Европа а, цигара хьелаш а емалдаран?
Лаамехь я лаамза Европера цIахьовсийначу нехан гуттар а хуьлу, Европерчу хьелашна Iотта хIума. Делахь а, уьш цхьа а цIахь Iиен лууш вац, бохуш дийцира Маршо радиога Ламруда.

Your browser doesn’t support HTML5

Ламруд


Хизир тешна ву, Белгехь а Iийна, шен майрачуьнца цIаерза дезна шен йоI а, цуьнан бераш а Нохчийчохьчул а, Европехь ирсе хир дара бохучух.

Your browser doesn’t support HTML5

Хизир


Сулейманна хетарехь, телевизионехула Евроа емалъеш йолу болу нах, шайна тIедиллина декхар кхочушдеш бу. Амма дагахь шаьш а ца теша, шаьш дуьйцучух. Хи санна цIера додуш адам доллушехь, цхьа жимма а хийцадала дагахь дац Iедалш, аьлла тидам бира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Сулейман


Деша а, болх бан а, низамаша ма-бохху, Европехь баха Iалашонца арабевллачу нехан дахар дIанисло элира Тумишас. Шайн гIуллакх нис ца деллачеран бехкениг лохуш Iедал ду, аьлла хета цунна.

Your browser doesn’t support HTML5

Тумиша


Нохчийчура адам дIадоьдуш ду, гIур а ду. Ткъа Европа емалъяр, иза къахьян ойланца деш хIума ду элира Хьасана.

Your browser doesn’t support HTML5

Хьасан