2011-чу Шарахь Зорбанехь Арадевлла Тоьлла Сурташ

Испанера Аранда Самюэлна хьалхара меттиг елла Дуьненан Зорбанан Сурто 2011-чу шарахь хIокху балхах. Йеменехь президентана дуьхьал дIаяьхьначу протестехь лазийна стаг кара лаьцна Iаш ю цуьнан цхьа гергара зуда.

Босни-ХIерцеговинера Сагол Дамира хьалхара совгIат даьккхина Денна Доьду Дахар бохучу номинацехь хIокху суртаца. Пачхьалкхан коьртехь лаьттинчу Ким Ир Сенан сурт тIехь долу гIишло ю гуш Пхеньянехь, Къилбаседа Корей.

Цхьаьнатоьхначу Шташкара Синклэр Стефанис совгIат даьккхина "Бер-нускалш: Маре баха тIех кегий берш" цIе йолчу серих. Йемен-пачхьалкхехь даьккхина ду хIара сурт. ЦIен коч тIехь йолчу "зудчун" 6 шо дара, шен майрчуьнга йоьдуш.

Швецера ХIаммерстром Никласа Керланийн номинацехь совгIат даьккхира хIокху суртах. Утоьйа-гIайре ю кху тIехь Брейвик Андерса бераш дайъинчул тIаьхьа. Дуккха а бераш, шайна тIера хIуманаш дIа а яьхна, хи чу лилхинера, кхераме йоцучу метте кхача гIерташ

Козырев Юрин совгIат даьккхина сурт. Iедална дуьхьал гIевтина тIемалой, Рас Лянуф, Либи-пачхьалкх.

Японера Чиба Ясуйошин "Цунами Хиллачул ТIаьхьа" сери. ХIокху сурт тIехь Мацукава Чиеко гойтуш ю херцашлахь карийна долу шен йоьIан ишколера аттестат, ХIигашимацушима, Япони-пачхьалкх.

ГIажарийн махкахь йина йолу Данера актриса МехIрабан Мелика. Портретийн категорехь совгIат даьккхинчу суртан автор ву Посселт Ларке, Дани-пачхьалкх.

Мисар-пачхьалкхера демонстранташ боьлхуш, маьхьарий хьоькхуш президент Мубарак Хьоснис, ша Iедал охьадуьллур дац, бохуш, къамел динчул тIаьхьа. Италера Майоли Алекса даьккхина сурт, КъахIир, Мисар.

КIайн ча ю басехула йоьдуш Новая Земля гIайре тIехь. Росс Дженнис хьалхара меттиг яьккхира хIокху суртаца Iалам категорехь.

Фарансера Буазо Винсентан совгIат даьккхинчу сурт тIехь модел ю хIуманаш тоьгучу туькана хьалха, Дакар, Сенегал.

Японехь цунамино бохам бинчул тIаьхьа. Сурт даьккхина Италера фотожурналиста Пеллегрин Паоло.

Полицина а, экономекхь йолчу харцонашна а дуьхьал дIаяханчу демонстрацехь дакъа лаьцнарш. Сурт даьккхина Полша-пачхьалкхера волчу Лазар Томаса,  ХIарлем, Нью-Йорк.

ДогIа догIуш йоьдуш йолу регби матч. МакМанус Рэй, Дублин, Ирланди.

Хи чу лелхаш болу спортсменаш бу Шанхайхь, Китай, дуьненан чемпионатана кечамаш беш. Сурт даьккхина Австралера журналиста Притти Адама.