Сребреница-2012: Геноцидан къиза юьхь-марш

Кешнаш дохуш ву белхало Сребреницана гена йоцчу Поточары-юьртарчу кешнийн кертахь. Цкъачунна декъеш лоьхучу дуьненаюкъарчу комиссин аьтто а баьлла девзинарг ду 7 эзар дакъа.

 

 110 чаккхарма бара "Машаран маршехь" кешнашка кхача лаьттачу боснийхойн могIа.

...Iазапе мур дагабеъна боьлху зударий.

Шайн гергарчийн декъеш девзина нахана.

Кешнашка кхача гIертачу эзарнийн карахь ду зезагаш, багахь ду - КIуръанан аяташ.

1995-чу шеран аьхке. Бусулбанаш байъале хьалха. Машар баран дуьненаюкъара ницкъаш лаьтта Потачаны-юьртахь.

Поточары-юьртарчу кешнийн керта декъеш дIадахьа йоьлхуш ю машенаш.

Дуккха а бу Сребреницехь сербаша массо а борша нах шайн доьзалшкара байъина зударий.

Боснийхоша 17 шарахь садиттина шайн гергарчийн декъеш коше дерзош зама яре.

 Белградехь "Iаьржачу духарера зударий" цIе йолчу юкъаралло а билгалдаьккхира Сребреницехь бусулба божарий байъина де.

 

Поточары-юьртарчу кешнашкахь. Зударшна хала дара дагалецамашца ларабала.