Дахаран болар сурташкахь


Товбеца-беттан 16-гIа де, Синай-ахгIайрехь, Эл-Ариш гIаларчу некъаца боьлхучуьра севцца, ламаз деш бу Мисаран салтий. Президентан даржера Мурси Мохьаммад вохийчхьана Израилан дозанехь а тIехь ирделла хьал . (AFP)

Iедалан ницкъаша яржийначу бIаьргех хи доккхучу газах Iалашлуш, бевдда боьлху Мисарахь вохийначу президентан Мурсин агIончаш, КъахIир, Рамзесан майда. (Reuters/Amr Abdallah Dalsh)

Бер керста деш, хих доккхуш ву гуьржийн мозгIар Тбилисехь. (Reuters/David Mdzinarishvili)

Пуджа Харчи олучу Агартала-гIаларчу ловзаршкахь стеран маIах йина зурма локхуш ву хIиндойн "садху" -  "делан къайле евзарг", Трипура-штат, ХIиндойчоь. (AFP/Arindam Dey)

Кабулерчу хьуьжарахь мархийн баттахь КIурIан доьшуш бу мутаIеламаш. (Reuters/Omar Sobhani)

Шемара муджахIид ву, диван тIехь телевизоре а хьоьжуш, цIенна арахьара хьал мониторехула лардеш, ал-Джабал Карме, Алеппо. (Reuters/Muzaffar Salman)

Зуда ялийна, ловзар ду Галичник-юьртахь, къоман духарахь, карахь цIерш а хьош до Македонехь ловзарш. (Reuters/Ognen Teofilovski)

Мархийн баттахь, рузбанехь ламаз дечарна юккъехь лаьтта кIант-шиIато, ТехIеранера университет, ГIажарийчоь. (AFP/Atta Kenare)(AFP/Atta Kenare)

ХIора шарахь а хуьлучу эшарийн фестивалан декъашхой урамехула дIабоьлху ларбеш Iа Серберчу Нови-Сад гIалара къано. (AFP/Andrej Isakovic)