КIиранан бIаьрла хиламаш

Дечкен-беттан 22-гIа де, Донецк. Йоккхачу тоьпан хIоь кхетта автобусна. 13 стаг вийна. (ТАСС / Николай Муравьев)

Донецкна гергахь шега делла герз тухуш ву Украинан эскархо. Президента Порошенко Петрос Оьрсийчоь бехкейира кху кIиранах, цо сепаратисташна гIоьнна 9000 шен салти хьажорна. (Reuters / Александр Клименко)

ОвхIанистанера бер-мухIажир дохлуш ду цIарна гергахь. Герат. (AFP/Aref Karimi)

Косовохь бIеннаш кIорабаккхархой севцира шахтанашчохь, протест а кхайкхийна. Финансийн якъо ловш йолчу маьIданийн урхаллера белхан меттигаш лахъян дагахь дара мехкан Iедал,  амма юхадаьккхира протестхоша. (Reuters / hazır Река)

Довосерчу форумехь Украинан президент Порошенко Петро ву Донецкехь эккхийтинчу автобусан гериг гойтуш. Оьрсийчоь йо цо зулам дарна бехке. (Reuters / Ruben Sprich)

Полша. Освенцим, немцойн нацистех йисина набахти, тутмакхаш хIаллакбен меттиг. Набахти мукъаяьккхина 70 шо кхачна. И де билгалдина Европано. (Reuters / Павел Ulatowski)

Азербайджанан президентан Алиев ИлхIаман а, Германин канцлеран Меркел Ангелин а цхьаьнакхетарехь, Берлин. (Reuters / Fabrizio Bensch)




 

Донецкерчу кешнашна гергахь лаьтта Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн "Град"-герз туху машен. (AFP/Alexander Gayuk)

 

Кветтехь ло деъна, да а, йоI а. Пакистан. (Reuters/Naseer Ahmed)


"Айдар" батальонехь кхелхинчу бIаьхойн сийдо Цадазаран Майданахь (Майдан Незалежности). Кхелхинчу мозгIаран Сергийн йоI Никоненко БохIданна ю шен ден сурт карахь лаьтташ. (EPA / Сергей Долженко)

 

Бусулбанийн Пайхамар Мухьаммад карикатурашца сийсазвар ца лайнарш бу Францин байракх ягош. Пакистан, Пешавар. (AFP / Маджид)


 

Курдойн гIарол, Рас-ал-Iайн, Шема.

 

Берана керстаналла кхачочу барамехь, Тбилиси. (Reuters / David Mdzinarishvili)
 

Езидийн мухIажир, Шихан, четарийн гIала, Иракъ. (Reuters / Ари Джалал) (Reuters/Ari Jalal)
 

Битуше юьртахь (Скопьена 150 км юьстах) керстанийн даздарехь дакъалоцуш ву мозгIар-македонхо. (Reuters/Ognen Teolovski)
 

Пайхамаран сийлардаран гулам, Соьлж-ГIала, Нохчийчоь. (EPA / Казбек Вахаев)
 

Пайхамаран сийлардаран гуламан декъашхо, Соьлж-ГIала, Нохчийчоь. Reuters/Eduard Korniyenko)
 

Белхалоша кIора белашца бутту машен тIе, Кабул. (Reuters/Mohammad Ismail)

Керстанаш хихбовлучу дийнахь, Истра, Москохна гергахь. (Reuters/Maxim Shemetov)

Керстанийн деза де, Дунай тIехь, Белград. (Reuters/Djordje Kojadinovic)

Украинан маршо къовсуш Донбассехь велла гуьржи Сухиашвили Томаш дIавуллу де, Цадазаран Майда, Киев. (AFP/Sergei Supinsky)