«Тхуна кхин дан хIума ца дисина». Эзарнашкахь уьду нах Кадыровн Нохчийчуьра

ХIинццалц Тересполе лела цIерпошт шина вагонах бара. Ткъа кху аьхча - иттанне кхачийна.
Уьш а хуьлу юьзина.

БIаьсте дIаяларца дебна Бресте кхочучу нехан барам. Амма Полшин дозанхоша лахдина нах чекхбийлийтар. Дийнахь 3-5 доьзал бен ца бовлуьйту чекх. Шайна тIе прессин а, юкъараллин а тидам берзорхьама, арахь куп туьйхира нохчаша. Амма ши де далале йохийра Iедалан дехарца.
 

Берашца цхьаьна 200 стаг вара куп тоьхначу меттехь.
 

Яххьаш гайта ца лаьа нахана, цIахь хьовзам шайна хиларна кхоьруш.

 

МогIарчу Брестан бахархоша кхача а, хи а кхоьхьу мухIажиршна.

"Цхьана белорусех волчу депутато" шаршош еара шайна буса, дуьйцу наха.

Хьолан тергойо полицино а, дозанхоша а.

Марсхьокху-беттан 31-чу сарале куьпара дIасабовла полицица бартхилла нехан.

Автобусаш а яьхкина, вокзалашка дIасабахара нах.
 

Брестан вокзална гергахь нохчийн бераш.

Ахча кхачийначара вокзалехь буьйсанаш йоху.

"Нохчийн" вагонаш а ю Тересполе боьдучу цIерпоштца.

Сахуьлуш гIевттина, Брестера юха а Тересполе боьлхуш бу нах.

 

Дукхахболу доьзалш, шаьш полшахоша дозанах чекх ца бовлийтаре терра, юхабогIу Тересполера Бресте. Кхана уьш юха а богIур бу кхузза. Цхьаболчийн паспорташ тIера кхачийна массо а агIонаш - дозанхоша хIоразза а юьту царна тIехь мухIаршца ларш.