ХIусамаш йоцучу нью-йоркхошна той хIоттиийна Китайра миллионеро

Your browser doesn’t support HTML5

Китайра совдегар Чен Гуангбао, ахча дойуш, хазахеташ ву. Иштта, селхана той хIоттийнера цо Нью-Йоркехь Iаш волчу масех бIе "бомжана". Меню тIехь цIара тIехь беттина туна-чIарий, къона стерчийн филеш яра. Той дIадахара Централ-Паркехь йолчу езачу ресторанехь. Бомжийн самукъдаккха, Чена лекхира "We Are the World" (Вай цхьа дуне ду) боху йиш. Леррина кху гIуллкхана официанташ тIедуьйхинера Китайн ПаргIатонан Эскаран барзакъ. (Reuters)