Химатакна кечамбарх къамелаш карадеана Iамеркан къайлахчу сервисашна

ГIаттамхойн карахь йолу довше тIелатар дина Шемара гIала.

Iамеркан къайлахчу сервисашна карадеана Шемарчу тIемалошна а, хими герзийн говзанчашна а юкъахь хилла довше герзанах дина къамелаш. Уьш дийцаре деш бара Идлибехь дийр долу хими тIелатар дийцаре деш, хаамбо СNN-о, Трамп Доналдан администрацин даржхочун дешнаш а далош.

Къайлаха къамелаш динера Хан-Шейхунехь химин герзанца инцидент хилале хьалха, амма уьш теллира тIелатар динчул тIаьхьа, царна жоьпалла билгалъяккхархьама, дуьйцу СNN-е къамелдинчу Iемаркан Iедалхочо. Цу Ieдалхочо билгалдаьккхира оьрсий къамелашкахь мелла а ларлуш хилар.