Кадыровн санкцеш

Кадыров Рамзан, Аргунехь маьждиг схьадоьллучехь, Стиг 16, 2014

Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана а, Евробертан куьйгалхошна а дуьхьал санкцеш кхайкхийна Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо реза воцург ду и нах, цунна гергахь, Либехь а, Шемахь а, Иракъехь а, ОвхIанистанехь а хуьлучунна жоьпе хилар.

Цу хьокъехь ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. ХIун чулацам болуш ду Кадыровс лелориг? ХIун ала гIерта иза цу кепара дIахьедарш а деш?

Иштта хир ду Маршо Радионо кху кIиранан шуьга луш долу хаттар.

Шена хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь:

+42, 07 24 0I 98 32. Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.