Казахстанан министрийн кабинет дIасахецна, пачхьалкхехь газан мах хьалабаккхар бахьана долуш дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш а йолуш. Цу хьокъехь долу мехкан президентан Токаев Касым-Жомартан указ зорбане даьккхина Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна. Iедал дIасахецар хилла газан мах шозза алсамбаккхар бахьана долуш, Керла шо долалуш в Жанаозенехь юьйлаелла дуьхьалонан акцеш берриг а махкахь дIайоьлхуш а йолуш. Iедалша мах ахьабаккхарх лаьцна дIахьедира, амма оцо ца сацийна демонстранташ. Царна луург дара Iедал дIасахецар а, мехкан хьалхара президент хилла, мехкан Кхерамазаллин кхеташонан гIантда Назарбаев Нурсултан политикера дIавахар. Дечкен-беттан 4-чу сарахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, политикан тIедожораш юьхьарлаьцна арабовлуш нах болчу, мехкан доккхахдолчу декъехь. Хуьлучух онлайн кепехь дуьйцуш ю Маршо Радион Оьрсийн сервис.
Назарбаев дIаваьккхина Казахстанан Кхерамазаллин Кхеташонан коьртера
Казахстанан президента кхайкхам беш къамел дина, цо дIахьедина Кхерамазаллин Кхеташонан гIантден дарж шен караоьцу ша аьлла. И дарж валлалц аьлла дIаделла дара Назарбаев Нурсултанна.
Алматахь йохийна масех телеканалан корпункт
Алматахь Республикаен майданахь дуьхьалан акцийн декъашхоша дIалаьцна "Мир24" телеканалан гIишло, шаьш онлайн эфире довлийтар тIе а дожош, хаам бо "Медиазоно", Orda.kz телеграм-каналана тIе а тевжаш.
Казахстанерчу сайташна тIекхача аьтто боьхна махкал арахьа
Казахстанерчу сайташна, шайна юкъахь цхьаболчу зорбан гIирсийн сайташ а йолуш, тIекхача болу аьтто боьхна махкал арахьа, республикерчу бахархоша дуьйцу зIенаца проблемаш хиларх лаьцна. Оцу хьокъехь хаам бо "Интерфаксо".
Махкал арахьа бехачу казастанхоша дуьйцу шаьш халонаш хьегарх лаьцна Нур-Султанехь а, Алма-Атахь а шайн герчарца телефонехула а, дукхахаболчара лелочу мессенджершкахула а зIене довлуш. ТIекхача аьтто бац казахстанерчу цхьамогIа сайташна, шайна юкъахь республикехь дика бевза зорбан гIирсийн сайташ а йолуш.
Казахтелеком операторо берриг а махкахь дIахадийна интернет, хаам бо Би-Би-Си-но, блокаш хIиттор тергонехь латточу мониторинган GlobalCheck сервисана тIеа а тевжаш. Оцу сервисо дийцарехь, интернет болх беш яц мобилан телефонашкахь а, ткъа иштта серашкахула иза латточу операторийн а.
Цхьацца гIаланашкахь блокировкаш еш хиларх лаьцна хаамаш гучубевлира шинарин дийнахь. Beeline а, Kcell а операторийн векалша оцу хеннахь хаам бира зIено хедаш болх барна шаьш бехке цахиларх лаьцна.
Казахстанехь хуьлучунна комментари йина Кремлехь
Казахстанера дуьхьалонан акцеш чоьхьара гIуллакх ду оцу пачахьалкхан, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс. "Тхо тешна ду, тхайн Казахстанерчу доттагIийн аьтто хир бу бохучух, шаьш шайн чоьхьара проблемаш кхочуш ян", - дIахьедина цо.
Песковс иштта билгалдаьккхина мехкала хилар, арахьара цхьа а хIоьттинчу хьолана юкъа ца гIертар. Оьрсийчоьне гIо ца дехна Казахстанан Iедалша, билгалдаьккхира Iедалхочо.
Алматахь хуьлург гойту видео, тасадаларш д1адоьлхуш ду, йогуш ю прокуратуран гIишло.
ГIалин хьукматана штурм йолийна дуьхьалонан акцин декъашхоша Алматахь
Митинге бевллачу алматахойн аьтто баьлла Республикан цIарахчу майдане кхача а, штурм еш гIалин администрацин гIишло дIалаца а, хаам бо меттигерчу зорбан гIирсаша. Билгалдоккхуш ду, демонстранташкахь ризянкин чхьонкарш хилар. Ницкъаллин структурийн белхахой бу царна тIе серло тухуш гIовгIа йоккху гранаташ кхуьйсуш.
ХIун ду хIинца хуьлуш Казахстанехь
Нур-Султанехь гоне лаьцна мехкан коьртачу гIалан хIукмат, кертахь хааелла гулйина полицин леррина техника
Нурсултанехь болчу "Азаттыкан" (Маршо Радион Казахийн сервисан) репортераша хаам барехь, дуьхьалонан акцеш коьртачу гIалахь яц. ГIалахь дуккха а полисхой бу, урамашкахула лаьтташ автозакаш олу лецна нах чубухку машенаш ю, ткъа администрацин гIишло ларъйеш ю СОБР-ан полисхойн тобанаш.
Буьйса юккъеяьлча президента Токаевс Алма-Атахь а, Мангистаус областехь а юкъаяьккхина чолхечу хьолан раж. Президентан указца а догIуш, иза лаьттара ю Дечкен-беттан 19-чу дийнехь кхаччалц.
Кхаарин дийнахь шина кIиранна чолхе хьал кхайкхийна Алматан областехь а. 23 сахьт даьллачул тIаьхьа Iуьйранна 7 сахьт даллаллц болх беш ду комендантан сахьт.
Махкахь юкъахюьйлуш болх беш ю интернет. Алма-Атахь болх беш яц мобилан интернет а, мессенджераш а. Казахстанан Iедалша блокаш хIиттийна дуьхьалонан акцех лаьцна дуьйцучу зорбан гIирсийн сайташна.
Алма-Ата гIалин юккъехь Дечкен-беттан 5-чу дийнахь юха а дуьйладелла дуьхьалонан акцин декъашхойн а, полисхойн а тийсадаларш.
Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксан" корреспондента. Полицин белхахоша демонстранташна дуьхьала лелош бу леррина гIирсаш. Коьрта майда къевлина ю БТР-шца.
ГIалан тайп-тайпанчу меттигашкахь хезаш ду серло тухуш гIовгIа йоккху гранаташ лелхар, дуьйцу агенталлана хуьлург гушболчара. Цхьаболчу зорбан гIирсаша боху хуьлуш дерг "урамера тIемаш" бу. Дуьхьалонан боламан декъашхоша цIераш туьйсуш ягош ю полицин машенаш.
ГIалахь болх беш яц юкъаралин транспорт, социйалашкахь адамаш ду лаьтташ, балхан тIекхача гIерташ долу. Официалан болчу хаамца, Дечкен-беттан 4-хь хиллачу тасадаларшкахь чевнаш хилла ву 137 полицин белхахо а, акцин 53 декъашхо а.
Казахстанан къилбаседа-малхбузехь Iуьллучу Актоба (Актюбинск) гIалахь полисхой реза ца хилла демонстранташ леца, шаьш "халкъаца" ду аьлла, хаам бо "Интефаксо". Полисхой лаьтташ бу областан администрацин гIишлонна (хьукматана) хьалха. Селхана дуьйна цу хьалха гулвелла ву 100 стаг, цара доьхург ду шаьш хьаькамца цхьаьнакхетийтар.