Iаьнан Олимпиадан кхоалгIа де

Скелетонехь къовсавала кечлуш ву Канадера Фейрбейрн Джон. (Скелетон Iаьнан Олимпан спортан кеп ю, шанан апари чухула ши гIо долу салаз хохкуш).
 

Украинера Оболончик Александр а, Захарков Роман а ву ши меттиг йолу салаз хохкуш къовсавала кечлуш.  

Йоккха Арена олучу стадионехь кечам беш сурт доккхуьйтуш бу Оьрсийчоьнан хоккейн тобан декъашхой. 

Ленинан паннона хьалха эцархошка хьоьжуш хиина Iаш ю лоппургаш духкаш йолу хIара зуда.  

Оьрсийчура Ахн Виктора (аьттоагIор) йоьзан мидал яьккхира 1500 метр мачийн салазаш хохкуш (Short Track).

Мачийн когсалазаш, 1500 метр. Дашо мидал яьккхира кху тобана хьалхаваьлла воьдучу Канадера ХIамелин Чарлза.  

Чехкалла 500 метр мачийн салазаш хохкуш къовсалуш ву Германера Шварц Самуэл а (лакхахь), Оьрсийчура Есин Алекесей а.

Чехкалла 500 метр мачийн салазаш хохкуш къовсалуш ву ХIолландера Мулдер Роналд а (аьтто), Оьрсийчура Кузнецов Артём а.
 

Чехкалла 500 метр мачийн салазаш хохкуш дашо мидал яьккхина ХIолландера Мулдер Михаела. Адлер Арена.

Казахстанера Колмаков Павел, когсалазаш хохкуш паргIатан кеп (фристайл). 

Оьрсийчура Волков Андрей, гу тIера когсалазаш хохкуш паргIатан кеп (фристайл).

Гу тIера когсалазаш хохкуш 14-гIа меттиг яьккхира Оьрсийчура Яковишина Еленас.  

Зударшна юкъахь гу тIера когсалазаш хохкуш суперкомбинацехь кхоалгIа меттиг яьккхира Iамеркера Манкузо Джулияс. Цунна тIехьа лаьтташ ю шолагIа дашо мидал яьккхина Германера ХIофл-Риш. ШолгIачу меттехь яра Австрера ХIосп Никол. 
 

Биатлон, 12.5 километр. Чехера Моравец Ондрей (аьрр), швед Линстром Фредерик (аьтто). Морравеца яьккхира дато мидал.   

Биатлон, 12.5 километр. Дашо мидал яьккхина Францера Фуркаде Мартина (аьтто).  

Биатлон, 7.5 километр, зударий. Дашо мидал яьккхина Словакера Кузмина Анастасияс. 
 

Кёрлинг, Норвегера тоба ловзуш ю Iамеркерчу тобанна дуьхьал.   

Гу тIера когсалазаш хохкуш паргIатан кеп (фристайл, могул). Казахстанера РейхIерд Дмитрий.  

Гу тIера когсалазаш хохкуш паргIатан кеп (фристайл, могул). Оьрсийчура Смышляев Александра яьккхира йоьза мидал.