Лестеран сюрприз

Италера тренер Раньери Клаудиос "Лестерх" чемпионан клуб йина, цара тоьллачу стилехь эшийра дуккха а лигин "грандаш". Сурт даьккхина стигалкъекъачу 1--чу дийнахь "Манчестер юнайтедца" (1:1)  матчехь. И матч чекхъяьллачул тIаьхьа, шолгIачу меттигехь йогIучу "Тотенхеме" йисинчу матчашкахь толам бен баккха йиш яцара, "Лестерх" хенал хьалха чемпион ца хилийта.  

"Челси" - "Тоттенхэм" матч чекх ма яьлла "Лестеран" агIончаш шайна дукха еза клуб ловзу "Кинг Пауэр" стадион гергга гулбала буьйлабелира. Кху фанатан кучана тIерачу йозано дагадоуьйту гурахь "Лестарх" а, Раньерих нагахь бен воцу стаг теша ца хилар.ХIинца "Лестер" чемпион ю, ткъа иза тулург хирг хиларх теша а тешна,  пхиъ бен фунт дацахь а, и клуб тулур ю аьлла ахча диллинчарна масийтта эзар долар карадеана.

"Лестер Ситин" фанаташ шайн дукхаезачу клубан толам базбеш бу, ткъа сезонан юьхьехь цунна хьалха хIоттийна Iалашо Премъер-лигера ша ара ца кхоссийтар яра.

Матч "Челси"-"Тоттенхэм" толамхо воцуш, 2:2 жамI долуш чекхъелира, хьалхара тайм чекхъяьллачул тIаьхьа хьеший 2:0 хьалха хиллехь а.

ШолгIа буьрка "Тоттенхэман" кевна чутуьхи. Цу голах Лестарерчу нехан чIогIахь самукъадаьллера, "Челсин" Стэмфорд Бриджехь" болчу нехал.

"Стэмфор Бриджехь", матч ерзош шок ма тоьхнехь, "Лестеран" фанаташ урамашка арахьевддира. Полицхошна а новкъа ца деара фанаташа шайн хазахетар сел жигара гайтарна.

"Лестеран" фанаташ а бара "Челси" - "Тоттенхэм" матче баьхкина. Цара цIахь ловзачаьрга доьхура "иза Раньерин дуьхьа" де бохуш. Раньери, ала догIу, цхьана хенахь "Челсин" тренер а хилла.

Ткъа Лестерехь фанаташ сахиллалц дIаса ца бовлура - хIара сурт толаман сийнна сахиллалц хилла синкъерам чекхбаьллачул тIаьхьа даьккхина. Дукхачара Лестеран толам спортан исторехь уггар инзаре толам бу боху.