МухIажирш дуьненан массо маьIIехь

Шина тIамо дуккха а Нохчех мухIажирш бина, амма, халонашка а ца хьоьжуш, дукха нах шайн гIуллакх деш бу. 16 шо кхаьчна йолу Залихан, масала, маре йоьдуш ю шен четар чура 07Марс2000

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн мухIажарийн агенталло дечу хьесапца, 2011 шарахь 42,5 миллион адам даьлла цIийнах. Царах 15,2 миллион кхечу мехкашка бевдда, кхин а 26,4 миллион шайн мехкашкахь боьхна хIусамех, ткъа 895 000 стага тховкIело ехна пана мехкашкахь.

ГIалгIайчохь хилла йолу Спутник четарийн гIала (26Дечк2000)

Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкара ЦIен Беттаса олучу гIоьналлин вовшахтохаралло керла четарийн туп еш ю Либера бевддачу мухIажиршна.

Шайн махкахь мухIажирш бу хIара гуьржий. Тбилиси, 2011.

ГIалгIайчохь хилла йолу Спутник четарийн гIала, 24Заза2000

Фатима, ОвхIан-махкара иммигрант, шена елла йолу чорпа хьош ю Грецин коьрта шахьарахь Афинехь.

Европера Шенген зоне бовла гIерта Серби-пачхьалкхехь хан йоккхуш болу мухIажирш.

ГIизлар-гIалахь дIанисбелла болу Нохчийн мухIажирш хи тIе баьхкина, 27Манг2005

ОвхIан-махкара бевлла дуьненчохь дукхах болу мухIажирш. 2,7 миллион овхIанхо ведда ГIажарийчоь а, Пакистан а (кхузахь гуш йолу) санна йолу меттигашка.

ГIалгIайн махка дехьа волуш, кхаъ бала безара блок-постехь дукхачу декъана. Дечкен-бутт 2000

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн мухIажарийн агенталло зераш до ОвхIанхойн мухIажиршна. Пешавар, Пакистан, 2011.

ГIизлар-гIалахь Iаш йолу Нохчийн мухIажир шен котамийн дола деш ю, 19Манг2005

3,2 миллион мухIажир цIавирзира 2011 шарахь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнаша дийцарехь. ХIара ОвхIанхойн зуда ГIажарийн махкара еана цIа.

Пакистанехь Iийна долу ОвхIанхойн зудий, бер а цIадерза кечлуш ду.

Нохчийн мухIажир ГIизларх, 19Манг2005

МухIажирийн дахар атта дац. Цхьайолу мухIажирийн центраш набахтех тера хуьлу.

Бирмехь дагийна долу маьждиг хиллачу меттехь, шайна хIума карайой, хьоьжуш ду бераш.

ОвхIанхойн зударий Пакистанехь регистраци еш бу.

Шема-пачхьалкхера мухIажир дIатарвелла Туркойчохь.

Либехь тIом иккхича, дукха нах бевддера Тунисе.

Шемера зуда йиттина йолу хIуманаш хьалаухкуш ю Туркойчохь йолчу мухIажирийн туьпахь.

Нохчийн мухIажир ГIалгIайчохь