Дуьненчохь уггар деза сурташ

Сотбиз аукционан цIийнан белхахоша гойтуш ду Норвегера суртдиллархочо Мунк Эдварда 1895 шарахь "ЦIогIа" суртан къоламашца йиллина йолу верси. И сурт Лондонехь аукционе хIоттийнера Стигалкъекъа-беттан 2 чохь.

Суртах аукционехь цкъа а ца белла мах белира - 120 миллион доллар.

Уггар деза доьхкина сурт - Сезанн Полан "Кехатех ловзархой" (1890-92) ду. Стохка Кхатар-пачхьалкхера коллекционеро эцнера иза цуьнан долахочунгара $250 миллионах. 

Австрехь Iийна хилла волчу Климт Густаван сурташ а ду вуно деза лоруш. 1907 шарахь цо диллина долу сурт "Адел Блох-Бауэр I" 2006 шарахь доьхкинера $135 миллионах.

Оццу зудчун кхин а цхьа сурт - "Адел Блох-Бауэр I" - 2006 шарахь ийцира $90 миллионах.

Пикассо Паблос диллина долу "Ерзина, Баьццара ГIаш, Бюст" (1932) хIинцалц дара аукционехь доьхкинчарах уггар деза сурт. Нью-Йоркехь Кристиз аукционехь $106 миллионах доьхкинера иза 2010 шарахь. 

Пикассон сурташ дуьненчохь уггар дезачарах ду. Цуьнан "Dora Maar au chat" доьхкинера 2006 шарахь Сотбиз аукционехь $95 миллионах.

Пикассон "Garcon a la Pipe" (1905) 2004 шарахь ийцира $104 миллионах.

Дийцарехь, 2009 шарахь ВорхIол Эндин "БархI Элвис" (1963) цхьана коллекционеро эцна $100 миллионах.

Поллок Джэксонан абстракт сурт "No.5" (1948) уггар деза доьхкинчу суртех шолгIа ду, боху. 2006 шарахь цунах $140 миллион делла, бохуш, дуьйцу. 

ХIолландхойн суртдиллархочун де Конинг Виллеман "Зуда III" (1963), бахарехь, уггар деза доьхкинчу суртех кхолгIа ду. Iамеркера финансиста Коэн Стива эцна, боху, и 2006 шарахь лаххара $137 миллионах.

Британера 2 галерей $72 миллион гулдан гIерташ яра, Тицианан "Диана а, Каллисто а" эца Iалашонца