Терроризмана ахчанца гIортоярна хан тоьхна Нохчийчоьнан вахархочунна

Chechen police

Къилбаседа Кавказан кIоштарчу тIеман кхело 3 шо хан тоьхна Газиев Шемална, цо шена Нохчийчуьра Шема тIомбан ваха луучу вевзачунна 20000 сом даларна. Кху шеран 30-чу дийнахь Газиевна дуьхьал долийнера бехктакхаман гIуллакх.

Кхело къастийнера цо и ахча 2014-чу шарахь гезгмашан баттахь делла хилар. Цо бехк тIелацарна а, жигара талламца цхьаьнаболхбарна а, цунна 3 хан тоьхна, хаамбо Нохчийчоьнан прокуратураллин агIоно.