Кадыров: "Нохчийчохь къепе латтош ю"

Инстаграмерчу шен агIонтIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбо, ша урхалла дечу регионехь дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а йоьзна хилла проблемаш кхиамца ерзийна хиларх.

«И бакъхиларан тоьшаллаш до массара а. БIаьрзечунна а гуш ду жамIаш. Амма муьлхха а къепе дIахIоттийначул тIаьхьа, ларъян езаш ю» яздо Кадыровс.

Цо бахарехь, Iедало йоккха терго латтайо махкахь зуламаш ца хилийтархьама а, адамийн бакъонаш ца хьешийтархьама а, экстремизмалле идеологи ца яржийтархьама а.