Дийнахь-буса коронавирусах 22 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 303

Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 22 пациент, цомгуш хилла кхин а 303.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 5, Адыгейхь - 2, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 875 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 105 (49 911 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 61 (55 721)
Дагестан + 52 (34 358)
ГIалмкхойчоь + 19 (21 086)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 527)
Кхарачой-Чергазийчоь + 3 (20 632)
ГIалгIайчоь + 11 (15 941)
Адыгей + 8 (14 798)
Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (17 128)
Нохчийчоь + 12 (12 448)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 266 547 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 236 593* .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.