Маршо Радио
Маршо Радио
"Вахархочун позици хилла ца Iа". Европера нохчийн диаспоран митингаш
            <description>Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана нохчийн диаспоран векалша дакъалоцу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал хIитточу акцешкахь. Ичкерин маршонехьа беш хилла къийсам кхин дIа а латтор ду и цхьаболчарна, вукхара дIахьедо репрессеш лелош хиларх. Тхан редакцино къамел дира Нохчийчуьра схьабевллачу жигархошца а, бахархошца а, хIокху доллу шерашкахь диаспора муха хийцайелла аьлла.
Украинхойн байракхашца хIитточу митингашкахь кест-кеста цхьаьна хаало Ичкерин байракхаш а. Пикетийн а, митингийн а...</description>
Велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхначу Кхарачойн-Чергазийчоьнан хиллачу сенаторо мацалла кхайкхийна набахтехь
            <description>Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан хиллачу декъашхочо, велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхначу Арашуков Рауфа мацалла кхайкхийна. Оренбурган кIоштарчу «Iаьржа дельфин» цIе йолчу колонихь хан токхуш ву иза. Кху беттан 1-чу дийнахь дуьйна хIума ца кхоллуш дуьхьал ваьлла иза, хи бен молуш дац цо.
Цуьнан адвокато Трубликов Дмитрийс бахарехь, Арашуков гIуданан изоялтор чохь ву, цо тIедожийна "болх бан лартIахь хьелаш" шена латтор, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло....</description>
Кадыровн йоIарша шайн визажистана 3 миллион сом мах болу Cartier хIоз белла совгIатна
            <description>Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоӀарша Ӏайшата а, Хадижата а, ХутIмата а, Табарика а шайн визажистана Хачукаева Дианина совгӀат дина бриллиантан Cartier хIозца. Цуьнан мах бу кхо миллион сов сом– политикан йоӀаршна оццул ахча стенгара даьлла, хууш дац.
Хачукаевас шен инстаграмерчу блогехь зорбане йаьккхина совгIат гойтуш видео а, КадыровгӀеран доьзало куьг йаздина декъалдаран кехат а. Цуьнан терго йина тхан редакцино.
Табарикан а, Ӏайшатан а аккаунташ билгалйохуш, шен терго...</description>
ГIалгIайчуьра шен деваша лелон тIеман декъера веддера эскархо. Кхело набахтехь даккха пхи шо тоьхна цунна
            <description>Къилбан гонашкарчу тIеман кхело листина эскархойн декъера шина шарахь эхашарахь ведда а Iийна, оцу тIехула чохь даккха пхи шо хан тоьхначу контрактхочун Джамбеков Iелин латкъам. Джамбековс доьхура шена тоьхна хан йацйар а, иза а арахь йаккхийтар, хIунда аьлча шен деваша а, бераш а лелош вара ша аьлла. Ишта цо гIо деш хилла "СВО-н ветеранийн ассоциацина" а. Оьрсийчохь "СВО" олу Украинана дуьхьал болийначу тIамах.
Кхелан сацама тIехь йаздина ма-хиллара, Джамбековс Оьрсийчоьнан тIеман...</description>
"ТIехь бIаьрг латтор ду хIара". Нохчийчохь муха вовшахтуху боьхна доьзалш
            <description>Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбина, 2026-чу шеран хьалхарчу беа баттахь лерринчу комиссино 262 боьхна хилла доьзал, йукъахь маслаIат а дина, вовшахтоьхна аьлла. И комисси болх бан йолайелчхьана, 2017-чу шарера схьа дуьйна, официалан зерашца, кхо эзар сов къаьстина лаьттина хIусамда а, хIусамнана а йуха вовшахтоьхна. Шайн лаамехь дуй-те церан "бертабахар", официалан статистикана тIехьа лаьтташ а хIун ду-те дуьйцу тхан редакцин материалехь.
Зуда йалорна а, доьзалан йукъаметтигашна а тIехь терго...</description>
ХIинжа-ГIалахь стаг лачкъорна бехкебечарна 11 шарна тIера 15 шаре гергга хенаш йиттина
            <description>Дагестанан Лакхарчу кхело таIзар кхайкхийна ахча даккхархьама совдегар лачкъийна аьлла бехкебечу нахана. Официалан версица, йалх стагах лаьтта и тоба цхьа адам лачкъийна Iен дагахь а ца хилла. Кхеле хIиттийначарна 11 шарна тIера 15 шаре кхаччалц хенаш йиттина шогачу хьолерчу набахтехь такха.
Махкарчу Талламан комитетан урхаллин хаамашца, 40 шо долу совдегар лачкъийна хилла 2022-чу шеран дечкен-беттан 31-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь. Луларчу ураме дIа а вигина, гараж чу а ваьккхина, иза...</description>
ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархой уггар а мискачу эцархошлахь бу Оьрсийчохь
            <description>Кху шеран зерашца, Къилбаседа Кавказан мехкаш аутсайдерш хилла туьканашкахь узуш оьшург эцарх хIоттийначу статистикехь. Уггар а кIезиг ахча дойъу ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархоша. Къаьсттина кега-мерса харжаш йечу республикашлахь нисйелла ишта Нохчийчоь.
Росстатан жамIаш тIехь таллам бина пачхьалкхан "Риа Рейтинг" агенталло. Билгалдаьлла, кху шеран гIуран-баттера стигалкъекъа-батте кхаччалц терзи тIехь узуш йухкучу хIуманах хуьлу пайда пачхьалкхан йоллу регионашлахь,...</description>
ГIалгIайн миллиардхочунна а, ишта Оьрсийчоьнан къилбан банкашна а, аэропорташна а дуьхьал керла санкцеш йаьхна  Евроберто
            <description>ГIалгIайчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан миллиардхо, индустрин-финансийн "Сафмар" тоба вовшахтоьхна Гуцериев Михаил Евробертан керлачу санкцеша лаьцна Украинера тIом бахьана долуш. Иштта дозанаш тоьхна Краснодарехь винчу иллиалархочунна Маршал Александрна а.
Цул совнах тептарехь нисйелла Ростовера а, Минералан Хиш гIалара а аэропорташ, къилбера "Кубань Кредит", "Юг-Инвестбанк", "Центр-инвест", "РостФинанс" "Нокссбанк" а банкаш, ишта "Роснефтан" долара кубанхойн "КНГ-Машзаводсервис" а,...</description>
Кхиазхоша ден зуламаш алсамдовларехь Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь хьалха йу
            <description>Кхиазхоша ден зуламаш алсамдевллачу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь билгалйаьлла Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зерашна тIетевжина, цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло.
Официалан хьесапашца а догIуш, 2026-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчохь бархI кхиазхочо зулам дина. Ткъа стохка изза йукъ схьалаьцча, махкахь оцу кепара зуламаш хилла дац цхьа а. ГIебарта-Балкхачройчохь а и гайтам кхозза лакхабаьлла гуш бу – 16-нна тIера...</description>
Оьрсийчоьне дIавала кхерам латтарна Австрерчу набахтехь мацалла кхайкхийна Нохчийчуьра вахархочо
            <description>Нохчийчуьра схьаваьллачу Кагирманов Ильяса (кхечу хаамашца Кагерманов йу цуьнан фамили) мацалла кхайкхийна Австрерчу цхьана набахтехь, шена Оьрсийчоьне дӀавала кхерам хиларна. МухӀажарийн статус йаккха гӀерташ вара иза, Украинерчу тӀаме ца ваха дагахь.
Цу хьолах лаьцна хаам бина "ГӀалгӀайчоьнан маршонан Комитето", бакъонашларъйархочунна Дунаева Розина тӀе а тевжаш. Дийцарехь, кхо шо хьалха Австре кхаьчна 29 шо долу Кагирманов, шозза дуьхьало йина хилла цунна тховкӀело ца йала....</description>
Нохчийчуьра Лакхарчу кхело колонихь йитина политикан тутмакх Мусаева Зарема
            <description>"Мемориалан" бакъонашларъйархоша политикан тутмакх аьлла билгалъйаьккхинчу, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран нанна Мусаева Заремина тIаьххьара дина таIзар хийцам боцуш дитина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.
Апелляцин хьокъехь шаьш бина сацам кхело оршотдийнахь тIеэцна, хаамбина адвокато Савин Александра. "Зарема Iалашйан бакъонаш шога талхийна хиларх, тешашка хеттарш дечу заманчохь лелийна харцо а, тоьшаллашца а, мукIарлонашца а шалхонаш хиллар а адвокато дIахьединашшехь, махкарчу...</description>
Нохчийчуьра немцойн депутат тIамтIехь нисвалар
            <description>Ша "Альтернатива Германина" (АдГ) аьллачу аьтто-партин декъашхо ву боху, Нохчийчуьра схьаваьлла Дадаев Мурад, къаьсттина дика вевза иза Кригер Нохьа цӀарца, Оьрсийчоьнан эскаран декъахь Украине ваханера. Цунна хIинцале а мидал йелла, "Немцойн батальон" кхуллуш ву ша аьлла, дIа а кхайкхийна цо. Ша массеран а метта "тIом беш ву" боху цо: оьрсийн а, нохчийн а, немцойн а метта. Оцу йукъанна, цхьа а тоьшалла дац Кригер тӀамехь дакъалоцуш хиларан. Тхан редакцино теллина, муха, хӀунда нисвелла...</description>
"Новая газетан" куьйгалхочо Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а латкъам бина Кадыровн тӀамах къамелаш бахьана долуш
            <description>"Новая газета" кхоьллинчех цхьаммо, Нобелан совгӀатан лауреат волчу Муратов Дмитрийс арз чуделла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс волчу Медведев Дмитрийс а, кхечу хьаькамаша а Украинана дуьхьал тӀом боьдучу хенахь зарратан тохар дан деза аьлла, дина дӀахьедарш таллар доьхуш.
Цу латкъаман йуьззина текст зорбане йаьккхина газетан сайта тӀехь. Къаьсттина Муратовс латкъам бина 2022-чу шарахь гIадужу-беттан 1-чу дийнахь Кадыровс...</description>
"Нохчийчохь украинхошка Оьрсийчоьнан гимн ца лоькхуьйту". Къилбаседа Кавказехь а, Къилбехь а латточу йийсархойх
            <description>Бакъо йоцуш маршонех хьегочу украинхойх лаьцна рапорт арахецна Украинера а, Норвегера а, Германера а бакъонашларйархоша. Украинехь тIом болийчхьана Оьрсийчохь а, цо дIалецначу дозанашкахь а лаьцна латточу Украинан маьршачу бахархойн терахь ши эзар стаге гIоьртина хиларх хаамаш тIечIагIбан аьтто хилла церан. Билггал аьлча, уьш кхин а алсам хила тарло, Оьрсийчоьнан Iедалхоша оцу кепара хIума къайлахьо, ткъа ницкъахой тIетийжа къайладаьхьначу низамашна. Мичахь, муьлхачу хьелашкахь латтош бу...</description>
Дагестанехь чӀогIа догӀанаш даьхкина: некъаш хедда, хиш тIедийлина, газ дIайаьлла
            <description>Дагестанера Чародан а, Гунибан а кӀошташкахь догӀанаш дахкар бахьана долуш 51 эвла доьлху некъаш хедда, ГIазгIумкийн кIоштахь боккхачу некъан цхьа дакъа чудоьжна.  Гергебилан кӀоштахь а некъ боьхна ишта, газан биргIа а хино дIайуькъна, хӀусамаш газ йоцуш йисина.
24 сахьтехь Гуниб-ЦӀуриб некъа тӀехь шозза токхамаш хилира, хаамбина Чародан кӀоштан администрацино. Де хьалха некъ цӀанбинера, дIаса ца бовлалуш лаьттачу бахархойн аьтто баьллера цӀаберза, амма товбеца-беттан 7-гIа буьйса йуккъе...</description>
ГӀебарта-Балкхаройчохь полисхошна тӀелата кечлуш хилла тоба лаьцна аьлла хаамбина къайлахчу сервисаша
            <description>ГӀебарта-Балкхаройчуьра Баксан кӀоштан бархI вахархо лацарх хаамбина къайлахчу сервисаша. Официалан версица, дуьненаюкъарчу террорхойн йукъараллина тешаме хила дуй а биъна, ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетарш дан кечлуш хилла уьш, цаьргара герз схьа а даьккхина, хьуьнчу дIабаха дагахь. Цхьа а билггал тоьшаллаш ца далийна цу урхалло дуьйцург бакъ хиларх, лецначийн карахь хилла ду боху герз гайтар доцург.
Ишта ницкъахоша дIахьедина, оцу лецначийн цIахь цхьана къайленехь 10...</description>
Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца официалехь хьалхатеттина Кадыров
            <description>Йуха а дакъалоцур ду Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь, цуьнан кандидатура къобалйина "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино. ХIара 19 шо а ду Кадыров Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу, кху шарахь дуьххьара партин лидершлахь волчуьра дуьххьара дIаваьккхира иза.
Карарчу хенахь мехкан урхаллехь волу иза кху шеран гезгамашин-баттахь дIахьонболчу харжамашкахь дакъалаца хьалхататтарх дIахьедира мехкан премьер-министро Даудов Мохьмада. Хьалхо цуьнан кандидатура къобалйира ишта президенто...</description>