Керланаш - Маршо Радио
Керланаш - Маршо Радио
ГIалгIайчуьра йахархочунна депортаци ца йайта дуьхьал йу Чехера кхел
            <description>Чехин Конституцин кхел реза ца хилла ГIалгIайчуьра йахархо шайн пачхьалкхера арайаккха бина сацам хийца. Пачхьалкхан Iедалхоша цунна депортаци йан сацам бина, Чехин пачхьалкхан вахархочуьнгахь иза марехь йоллушехь, цу шиннан бер а доллушехь, йаздо Novinky.cz сайто. Терроризмца боьзна болчу нахаца цуьнан зӀенаш хилар а, цара къоман кхерамзаллина латтош кхерам хиларна а тIетевжина кхелахой. Ша зудчо дӀахьедина, ша зIенехь йолу нах кхераме хиларх информаци шена йовзийтина йац аьлла.
Чехин...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/013e0000-0aff-0242-3371-08da7d04aa5e_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
Кадыровн йоIарша шайн визажистана 3 миллион сом мах болу Cartier хIоз белла совгIатна
            <description>Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоӀарша Ӏайшата а, Хадижата а, ХутIмата а, Табарика а шайн визажистана Хачукаева Дианина совгӀат дина бриллиантан Cartier хIозца. Цуьнан мах бу кхо миллион сов сом– политикан йоӀаршна оццул ахча стенгара даьлла, хууш дац.
Хачукаевас шен инстаграмерчу блогехь зорбане йаьккхина совгIат гойтуш видео а, КадыровгӀеран доьзало куьг йаздина декъалдаран кехат а. Цуьнан терго йина тхан редакцино.
Табарикан а, Ӏайшатан а аккаунташ билгалйохуш, шен терго...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/8abca104-ee04-4a49-1c08-08decd1d5d42_cx0_cy84_cw0_w800_h450.png" length="0" type="image/png"/>
ГIалгIайчуьра шен деваша лелон тIеман декъера веддера эскархо. Кхело набахтехь даккха пхи шо тоьхна цунна
            <description>Къилбан гонашкарчу тIеман кхело листина эскархойн декъера шина шарахь эхашарахь ведда а Iийна, оцу тIехула чохь даккха пхи шо хан тоьхначу контрактхочун Джамбеков Iелин латкъам. Джамбековс доьхура шена тоьхна хан йацйар а, иза а арахь йаккхийтар, хIунда аьлча шен деваша а, бераш а лелош вара ша аьлла. Ишта цо гIо деш хилла "СВО-н ветеранийн ассоциацина" а. Оьрсийчохь "СВО" олу Украинана дуьхьал болийначу тIамах.
Кхелан сацама тIехь йаздина ма-хиллара, Джамбековс Оьрсийчоьнан тIеман...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/034d0000-0aff-0242-9a1d-08dae20beaa2_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
ХIинжа-ГIалахь стаг лачкъорна бехкебечарна 11 шарна тIера 15 шаре гергга хенаш йиттина
            <description>Дагестанан Лакхарчу кхело таIзар кхайкхийна ахча даккхархьама совдегар лачкъийна аьлла бехкебечу нахана. Официалан версица, йалх стагах лаьтта и тоба цхьа адам лачкъийна Iен дагахь а ца хилла. Кхеле хIиттийначарна 11 шарна тIера 15 шаре кхаччалц хенаш йиттина шогачу хьолерчу набахтехь такха.
Махкарчу Талламан комитетан урхаллин хаамашца, 40 шо долу совдегар лачкъийна хилла 2022-чу шеран дечкен-беттан 31-чу дийнахь ХIинжа-ГIалахь. Луларчу ураме дIа а вигина, гараж чу а ваьккхина, иза...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/C767E7CC-7DC3-4A47-84FF-64A3262FCBB7_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархой уггар а мискачу эцархошлахь бу Оьрсийчохь
            <description>Кху шеран зерашца, Къилбаседа Кавказан мехкаш аутсайдерш хилла туьканашкахь узуш оьшург эцарх хIоттийначу статистикехь. Уггар а кIезиг ахча дойъу ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархоша. Къаьсттина кега-мерса харжаш йечу республикашлахь нисйелла ишта Нохчийчоь.
Росстатан жамIаш тIехь таллам бина пачхьалкхан "Риа Рейтинг" агенталло. Билгалдаьлла, кху шеран гIуран-баттера стигалкъекъа-батте кхаччалц терзи тIехь узуш йухкучу хIуманах хуьлу пайда пачхьалкхан йоллу регионашлахь,...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/BE9BFC08-C39F-4B68-8E82-E38590E0FCB2_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
ГIалгIайн миллиардхочунна а, ишта Оьрсийчоьнан къилбан банкашна а, аэропорташна а дуьхьал керла санкцеш йаьхна  Евроберто
            <description>ГIалгIайчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан миллиардхо, индустрин-финансийн "Сафмар" тоба вовшахтоьхна Гуцериев Михаил Евробертан керлачу санкцеша лаьцна Украинера тIом бахьана долуш. Иштта дозанаш тоьхна Краснодарехь винчу иллиалархочунна Маршал Александрна а.
Цул совнах тептарехь нисйелла Ростовера а, Минералан Хиш гIалара а аэропорташ, къилбера "Кубань Кредит", "Юг-Инвестбанк", "Центр-инвест", "РостФинанс" "Нокссбанк" а банкаш, ишта "Роснефтан" долара кубанхойн "КНГ-Машзаводсервис" а,...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/D3DEE3CA-BCD8-456D-97EA-0DFEC83EB9AA_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
Кхиазхоша ден зуламаш алсамдовларехь Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь хьалха йу
            <description>Кхиазхоша ден зуламаш алсамдевллачу Оьрсийчоьнан пхеа регионашлахь билгалйаьлла Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зерашна тIетевжина, цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло.
Официалан хьесапашца а догIуш, 2026-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчохь бархI кхиазхочо зулам дина. Ткъа стохка изза йукъ схьалаьцча, махкахь оцу кепара зуламаш хилла дац цхьа а. ГIебарта-Балкхачройчохь а и гайтам кхозза лакхабаьлла гуш бу – 16-нна тIера...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/3726E219-2E1D-4862-8944-397C28816331_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
Оьрсийчоьне дIавала кхерам латтарна Австрерчу набахтехь мацалла кхайкхийна Нохчийчуьра вахархочо
            <description>Нохчийчуьра схьаваьллачу Кагирманов Ильяса (кхечу хаамашца Кагерманов йу цуьнан фамили) мацалла кхайкхийна Австрерчу цхьана набахтехь, шена Оьрсийчоьне дӀавала кхерам хиларна. МухӀажарийн статус йаккха гӀерташ вара иза, Украинерчу тӀаме ца ваха дагахь.
Цу хьолах лаьцна хаам бина "ГӀалгӀайчоьнан маршонан Комитето", бакъонашларъйархочунна Дунаева Розина тӀе а тевжаш. Дийцарехь, кхо шо хьалха Австре кхаьчна 29 шо долу Кагирманов, шозза дуьхьало йина хилла цунна тховкӀело ца йала....</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/f33061fb-b57b-4321-7fc9-08decad17715_cx35_cy3_cw60_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
Нохчийчуьра Лакхарчу кхело колонихь йитина политикан тутмакх Мусаева Зарема
            <description>"Мемориалан" бакъонашларъйархоша политикан тутмакх аьлла билгалъйаьккхинчу, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран нанна Мусаева Заремина тIаьххьара дина таIзар хийцам боцуш дитина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.
Апелляцин хьокъехь шаьш бина сацам кхело оршотдийнахь тIеэцна, хаамбина адвокато Савин Александра. "Зарема Iалашйан бакъонаш шога талхийна хиларх, тешашка хеттарш дечу заманчохь лелийна харцо а, тоьшаллашца а, мукIарлонашца а шалхонаш хиллар а адвокато дIахьединашшехь, махкарчу...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/01000000-0aff-0242-6085-08db7c889bf4_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg" length="0" type="image/jpeg"/>
"Новая газетан" куьйгалхочо Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а латкъам бина Кадыровн тӀамах къамелаш бахьана долуш
            <description>"Новая газета" кхоьллинчех цхьаммо, Нобелан совгӀатан лауреат волчу Муратов Дмитрийс арз чуделла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс волчу Медведев Дмитрийс а, кхечу хьаькамаша а Украинана дуьхьал тӀом боьдучу хенахь зарратан тохар дан деза аьлла, дина дӀахьедарш таллар доьхуш.
Цу латкъаман йуьззина текст зорбане йаьккхина газетан сайта тӀехь. Къаьсттина Муратовс латкъам бина 2022-чу шарахь гIадужу-беттан 1-чу дийнахь Кадыровс...</description>
            <category>Керланаш</category><enclosure url="https://gdb.rferl.org/01000000-c0a8-0242-5757-08db79365a55_cx0_cy9_cw0_w800_h450.jpeg" length="0" type="image/jpeg"/>