ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сайтана дуьхьалояр дастар

Маршо Радион сайт дIакъевлина Оьрсийчохь. Муха еша еза тхан сайт

ХIун дан деза?

Социалан машанашкара тхан сайте дахка а, линкаш елла аьтто хир бац шун, сайтана дуьхьалояр даста гIирсаш бацахь.

Язло тхан социалан машанашкарчу агIонашка!

Маршо Радион агIонаш ю Facebook-хь, Twitter-хь, Instagram-хь, YouTube-хь – цигахь таро хир ю сайте а ца довлуш тхан видеошка хьажа, истореш еша, керланаш довза.

Тхан керланийн аппликаци дIахIоттае

RFE/RL Радион керланийн программийн аппликаци ю App Store-хь йа Google Play-хь –цу чохь тIекхочийла ю тхан сайтерчу массо а къевлинчу материалашна, VPN а ю хIоттийна, цундела апликаци дIакъовла йиш яц!

VPN

VPN хIун ю? Кхечу меттигерчу серверан тIе а тассалой, адам довза а, иза волу меттиг къайлаяккха а аьтто ло доларчу виртуалан машано (VPN). И хаамаш лаца чIогIа хала ду. Адамаш шайн интернет-кхерамазаллина терго йан дуьйладелчхьана чIогIа гIаръяьлла VPN дуьненахь.

Дуккха а VPN-сервисаш ю тахана: атта а, чолхе а, мехаза а, мехах а, еза а, лахара мах болуш а. Оьрсийчоь санна йолчу пачхьалкхашкахь VPN-сервисаш дIакъовлу, информацина тIекхача маьрша некъаш а доьхкуш. Цхьайолчу авторитаран мехкаша ур-атталла хьалхатоьтту шайн VPN-ш, интернет-трафикна тIехь терго латто аьтто хилийтархьама.

Тхо тешаш долу, мехаза сервисаш ю - nThlink, Psiphon, Lantern, Orbot а, уьш ю йиллинчу технологийн Фондо гIо а латтош болх беш. И Американ коммерцица а, Iедалхошца а йоьзна йоцу цхьанакхетаралла "дешан маршо шоръян а, респрессешца тIаьхьбевлла леларна а, цензурина а дуьхьало йан а, адамийн бакъонаш а, йиллина юкъаралла а шоръяран" Iалашонца кхоьллина ю. Социалан машанашкарчу къевлинчу платформашна тIекхочийла ло VPN-о.

Куьзганаш. И хIун тамашена сайте вуьгу линкаш ю?

Тарло, аш терго йина хила мега, еха а, цхьа башха а тхан цхьаболчу керланийн сайташна тIевуьгу линкашна. Тхайн сайтийн "куьзганаш" олу, кепаш ю уьш оха лелораш, Iедалхошна тхан сайташка довлар дIакъовла мелла а чолхе хилийтархьама масех меттигашкахь дIатарйина.

Куьзганан сайт – иза сайтан, йа файлаш лахьоран гIирсийн кхечу серверера ма-ярра копи ю, тIаккха сайтана а, файлашна а тIекхача цхьаннал а сов меттиг хуьлу. Iедало, йа кхечу терго йаран хьукмато дIакъевлича, йа сайтана цензура йан гIоьртича леладо оха куьзганаш. Ешархой хьалха санна, юьхьанцарчу контентана тIекхочу, амма цуьнан метта йоьшу иза цуьнан копин сайтехь.

"Куьзганаша" башха дукха болх ца бо, хIунда аьлча, Iедалхоша сиха блок туху царна. Нагахь санна, VPN лелош боцчу шайн бевза-безачарна линк яхьийта шу лууш делахь, оха хьоьху шуна уьш лелор. Куьзганан линк хилийтархьама, шун таро ю Chrome, Firefox браузершкахь шоръяран апликаци чуяккха.

Амма шайн веб-сайташкахь а, социалан машанашка еххачу ханна хIиттийначу публикацешкахь а гуттаренна а йолчу линкийн кепехь царех пайда ца эцар хьоьху оха шуна, хIунда аьлча, гуш ма-хиллара, масех дийнахь дIакъовлу уьш.

“Луковые” олу TOR сайташ

Иштта шун аьтто бу Tor браузер чуяккха анонимехь а, кхераме доцуш а тхан "луковый" олучу сайташка довла аьтто хилийта.

Tor браузер — мехаза, йиллинчу кодаца лелон программа ю, цо бакъо ло адамашна къайлах интернете довла. Сервисо интернет-трафик дIахьажайо, доллу дуьненахь дIасаяржийначу оверлейнан олучу машанехула. Цо мелла а халчу доккху интернетехь волчун интернет-жигараллина тIехь терго латто.

И система юкъаяьккхина США-н Iедалан Iилманчаша 1990-чу шерашкахь, Американ иччархойн хаамаш къайлахьош гIо деш. ТIаьхьо цуьнан лицензи гIараяьккхина, США-н а, Human Rights Watch организацин а финансийн гIоьнца доларчу секторера интернетан маршо ларъечаьрга кховдийра. TOR-н балхана гIортор латторан коммерцица йоьзна йоцу штаб-квартира Сиэтлехь ю.

Tor браузер Windows, MacOS, Android, Linux системашна тIе яккха аьтто бу.

iOS-на лерина: https://onionbrowser.com/

Нагахь санна, сайташ дIакъевлинехь, gettor@torproject.org адресца чулацам а боцуш кехат дахьийтича, электронан почтехула браузеран комплектаци кхочур ю шуьга.

Tor къевлина йолчахь, ешархошна тIайн гIоьнца Tor кхачор ю.

ТIайне бовла деза интернете буьйлучийн хIокху кепашца:

  • Лерринчу @GetBridgesBot Telegram-канале дIахьажаде "/bridges", цул тIаьхьа шайга кхаьчначу могIанийн тIайшна тIеязде, копи йоккхуш, Tor браузере юкъахIоттош [Настройкаш > Tor > ТIайш > ТIай ло].

  • ТIайнна электронан почтехула жоп деха: bridges@torproject.org; цул тIаьхьа хьайга кхаьчна тIайн могIанаш куьйга тIетоха, Tor браузере юкъахIоттош [Настройкаш > Tor > ТIайш > ТIай ло].

  • Tor браузера тIетасало Snowflake-хула [Настройкаш > Tor > ТIайш > Къастаде тIехоьттина тIай > Snowflake].

Айхьа доьху тIайш чудало, рогIера тIедиллар кхочушде:

  • Компьютер тIехь: Настройкаш > Tor > ТIайш > ТIай хIоттаде

  • Android: ТIайн конфигураци > Суна девза тIай хIоттаде

  • iOS: ТIайн конфигураци > Пайдаоьцучун тIай

Tor проекто Telegram-канал латтайо ингалсан а, оьрсийн а меттанашкахь болчу пайдоьцучарна гIо латтлш: @TorProjectSupportBot.

Терахьийн Самиздат

Тхайн репортажаш яржош, тхайн юкъараллина а, тхайн ешархошна а тIетовжу тхо. Шайн социалан машанашка аш яхкарана, шайн бевза-безачаьргахула яржорна, тхан материалашна аш ечу хIора линкана а баркалла шуна.

Хаийла дац, аш линкаш кхоьхьуьйтучу нехан техникан таронаш муха ю. Церан VPN юй а, цаьрга линкаш еллалой а шайна хууш дацахь, файлаш санна тхан материалаш цаьрга дIатийса йиш ю шун.

Тхан веб-сайташкара йоллу видеош а, аудиош а дIаэца таро ю шун, цул тIаьхьа уьш яржон а. Нагахь санна, текст яхьийта шу лууш делахь, "зорбатоха документна" олу нуьйдана тIе пIелгтаIор хьоьху оха, тIаккха pdf санна файл кхочур ю шуьга, цул тIаьахьа и дIаяхьийта а йиш хир ю.

XS
SM
MD
LG