Кху деношкахь доза билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь цу шинан республикан куьйгалхоша. Цуьнца доьзна ду Маршо Радион хаттар. Шина къоманна юкъа доза дилла оьший?
ГIебартошна а, балкхарошна а юкъахь Кенделенехь иккхина дов марса долуш ду. Къуьйсург ду гIебартоша 310 шо хилла бохург. Цхьа а бух бацахь а, Обрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздо, цига баха кечбелла нохчий а, гIалгIай а бу бохуш. Цуьнца доьзна ду оха хIоттийна хаттар.
"Левада-центран" статистикаца, Оьрсийчохь ксенофоби кхуьуш ю. ХIун бахьанаш ду цуьнан?
"Новая газето" дIахьедина, мэро Собянин Сергейс дехка деза Кадыров Рамзан Москох витар аьлла. Бахьана ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна алар. Кадыров Москох витар дехка деза аьлла хетий шуна, нагахь цо Нохчийчоь бакъонаш
Наха Темерханов Юсуп турпалхо лору къоман цIарх мостагIчуьнгара чIир эцарна. Ткъа Кадыров Рамзана иза бехк боцуш кхачийнера аьлла набахте. Шуна муха хета, Кадыровна стенна ийшира 7 шо хьалха йина кхел харцъян?
Дуккха а шераш ду Нохчийчуьрчу вахархочо Мусаев Нажмуддис ша Оьрсийчоьнан Империн тIаьххьарчу паччахьан Николай ШолгIачуьнан кIентан Алексейн кIант ву, бохуш чIагIдо. Ткъа шун ойла муха ю? Паччахьан Николайн II тIаьхье Нохчийчохь яха хиъна бохучух теший шу?
Iедало бахарехь, Нохчийчохь хаъал лахбелла зуламийн барам. Ткъа маьршачу хьостанаша чIагIдо, махкахь репрессеш лела хIинца а, бохуш. Муьлха агIо бакълоь, хьуна хетарехь?
Кху деношкахь мотт ца тохарна таIзар дина Веданан кIоштарчу вахархочунна. Цунна бехке диллинарг ду шен накъост Шема ваха дагахь хиларх лаьцна Iедалшка хаам ца бар. Цуьнца доьзна ду Маршо Радионо кху кIиранах кхоже диллина хаттар. Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?
Нохчийчоьнан парламентан депутаташ Гаибов Идрис, Магомаев Шемал, ницкъахойн декъан коьртехь Iийна Ахмадов Артур "дIавигина" "бевзашбоцчара". Уьш хьенан карахь хила тарло, шуна хетарехь?
Хьажа кхин дIа а