ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхоша цхьамогIа гIулчаш яьхна тIаьхьарчу кIиранашкахь доза къастор бахьана долуш лилхина цакхетамаш а, дегабаамаш а бижо. Шина республикана юкъахь доза къасторца доьзнарг дижна аьлла хетий шуна?
Шена дуьхьал ша резавоцу къамел динарг Оьрсийчохь миччахь велахь а, бехкала а вохуьйтий, ша къинтIера воккхуьйту Кадыров Рамзана. Кху деношкхахь ГIалгIайчохь лоьху цо шен довхой.
Нурмагомедов Хьабибца лата кийча ву ша, нагахь иза боксан низамашца тасавала реза хилахь, аьлла дIахьедар дина цхьаммо а эшийна воцчу Iамеркерчу боксеро Мейвезер Флойда, TMZ таблоидна ша еллачу интервьюхь. Цу латарехь 100 сов миллион даккха дагахь ву Iамеркахо.
Кху деношкахь доза билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь цу шинан республикан куьйгалхоша. Цуьнца доьзна ду Маршо Радион хаттар. Шина къоманна юкъа доза дилла оьший?
ГIебартошна а, балкхарошна а юкъахь Кенделенехь иккхина дов марса долуш ду. Къуьйсург ду гIебартоша 310 шо хилла бохург. Цхьа а бух бацахь а, Обрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздо, цига баха кечбелла нохчий а, гIалгIай а бу бохуш. Цуьнца доьзна ду оха хIоттийна хаттар.
"Левада-центран" статистикаца, Оьрсийчохь ксенофоби кхуьуш ю. ХIун бахьанаш ду цуьнан?
"Новая газето" дIахьедина, мэро Собянин Сергейс дехка деза Кадыров Рамзан Москох витар аьлла. Бахьана ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна алар. Кадыров Москох витар дехка деза аьлла хетий шуна, нагахь цо Нохчийчоь бакъонаш
Наха Темерханов Юсуп турпалхо лору къоман цIарх мостагIчуьнгара чIир эцарна. Ткъа Кадыров Рамзана иза бехк боцуш кхачийнера аьлла набахте. Шуна муха хета, Кадыровна стенна ийшира 7 шо хьалха йина кхел харцъян?
Дуккха а шераш ду Нохчийчуьрчу вахархочо Мусаев Нажмуддис ша Оьрсийчоьнан Империн тIаьххьарчу паччахьан Николай ШолгIачуьнан кIентан Алексейн кIант ву, бохуш чIагIдо. Ткъа шун ойла муха ю? Паччахьан Николайн II тIаьхье Нохчийчохь яха хиъна бохучух теший шу?
Хьажа кхин дIа а