Нохчийн исторехь масийтта рузма лелла. ТIаьххьарчу бIешерашкахь дайша лелийначех ю карарчу хенахь вай меттахIоттийна рузма. Оьрсийн маттера схьаэцна беттанийн цIерш а йитина, вешан маттахь лело а догIу уьш. Хуург чIагI а деш, цахуург Iама а деш, луьстур-кха вай хIара квиз!
Хьаша-да веза вара. "ХьастагIа со волчу веъначу хьешо", олий, доладора пхьоьханахь къамел. Стаг жималлехь дуьйна Iамавора "тIевогIург" лара. "Хьаша вагIахь а", олий, лелабора хIусамнанас кхача. Къонахчо кхерч а ца бугIура хьешан цIа доцуш. …Карладаккха вай лелларг, хелхаваккха вай веза хьаша!
Массо а алссам вовшахкхеттачу я вовшахтоьхначу хIуманийн шайн-шайн цIерш ю нохчийн маттахь. Бакъду, йицъеш лаьтта уьш. Схьагуллол, карладохур вай дешнаш!
Оьрсийн "Би-би-си" гIирсан статистикаца, Нохчийчоьнан урхаллан йоллу система бохург санна йоьзна ю Кадыровца а, цуьнан гергарчаьрца а. Нохчийчуьрчу 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыровн гергарнаш бу. Бевзий шуна уьш цIерашца я юьхь-сибатца?
Нохчийн мотт хазбеш а, кIаргбеш а дуккха а аларш а, кицанаш а ду. Уьш алссам къамелехь мел хуьлу а, там хуьлу ладугIучунна. Дага дахкийта вай вайн меттан цхьадолу аларш а, кицанаш а?
Яхначу заманахь дукха лелла нохчашлахь хилларг я хиндерг довза, диканиг я вониг хилийта лууш кхоьллина ламасташ. Вайн динца, заманца ца дагIахь а, лелларг довзархьама, кегор-кх вай уьш!
Вайна дика евза нохчийн проза. Вайна дукха еза къоман поэзи. Кест-кеста хьо вай хан маттах марзо оьцуш, нохчийн байташ йоьшуш. Иза цIена бакъ ду. Дац? Вай хIинцца гойтур-м ду!
Хийла дешнаш, церан маьIнаш хIетал-метал хуьлий дуьсу нохчийн мотт шера цахуучунна. Оцу ледарлонах ларвала йиш ю дайша-наноша вайна битина мотт кест-кеста зуьйш, толлуш хилча. Ловза вай дешнех!
Цхьа хан хьалха нохчо нохчо а вацара, цуьнан доьзалехь маша дацахь. Я вехийла а дацара цуьнан. ...ХIун ю маша? Мел девза вайна дай-наноша доьзална кхачо еш латтийна сурсаташ? …Оцу тIера йолор-кх вай вешан рогIера квиз а!
Даьхнеша, жеша токхдеш даьхна нохчийн къам мукъадолуш лаьтта юьртабахамах – туькане дирзина дерриг а. Амма вуно хаза бу дайх бисина дагалецамаш. Довш ду дешнаш, кертарчу, юьртарчу бахамах дисина эзарнаш дешнаш. Дагалаца вай уьш! Деккъа дIа уьстагIий лелочу заманахь лелла вайн къоман дешнаш…
Физик-математик-лингвист Вагапов Iаьрби тешна ву нохчийн маттахь миллион сов дош хиларх. Делахь а, йогIу ненан маттаца хийра вехарг ца тешаш меттиг. Вайн вешан талла таро ю Iилманча мел бакъ ву. Дагардел дешнаш! Масале дохкур вай деккъа цхьа хандешнаш!
Нохчийн мотт аттачех бац, вайн дай-наношна иза бийца хала ца хиллехь а. "Дагахь а йоцчу" кепе доьрзу хийла дош, хьо лега воьлча! Амма мотт ца хаа-х яций йиш! Лоьгур вай дожаршка дешнаш.
Хьажа кхин дIа а