Хандош – къамелан коьртачу шина декъах шолгIаниг - Iамор ду вай кхидIа. Нохчийн меттан башхаллех ду, масала, хандешан хенийн кепаш дуккха а хилар. Хандашо къаьсттина хазбо мотт, доза гуш а доцчу дукхалле дуьгу къоман дешнийн терахь.
БархI дожарх борхIалгIаниг ду Дустург дожар
БархI дожарх ворхIалгIаниг ду Меттигниг дожар
БархI дожарх ялхалгIаниг ду Хотталург дожар.
ЦIердешан бархI дожарх пхоьалгIаниг ду Коьчалниг дожар.
Нохчийн меттан къамелан дакъошлахь коьртачех долчу цIердешан бархI дожарх доьалгIаниг ду Дийриг дожар.
Кху дарсехь вай толлур ду цIердош лург дожарехь. Хууш ма - хиллара, вайн меттан дожарехь кхоалгIаниг ду лург дожар.
Нохчийн меттан къамелан дакъошлахь коьртачех долу цIердош 8 дожаде легало. Царех шолгIаниг ду Доланиг дожар.
Нохчийн меттан къамелан дакъошлахь коьртачех долу цIердош легало (хийцало) дожаршкахь. 8 дожар ду вайн меттан. Хьалхарниг ду царалахь цIерниг дожар.
Къамелан дакъошлахь коьрта лоручу шиннах цхьаъ ду цIердош. Терахьашка а, дожаршка а доьрзу къамелехь цIердош. ХIинца вай толлур ду цуьнан терахьаш: цхьаллин а, дукхаллин а.
Маршо Радионо, шен ладогIархойн а, ешархойн а дехаршна жоп луш, йолайо нохчийн меттан видеодарсаш. Оха берашна а, баккхийчарна а товш йолчу кепехь хIиттор ю уьш, грамматика а, синтаксис а, кхи долу а меттан Iилма а хьоьхуш.