Мила ву вайх тΙемавийлаза? Сомах дацахь, гΙенаха мукъане а? Лекхачу лам тΙе а ваьлла, варшашкахь ши тΙам а баржийна, хьомечу юьрта тΙехула, даймехкан мархашлахь леланза?
Вайх жималлехь хΙора а вара Икар – тΙемаш а кхоьллина, стигалхула лела хьаьгна.
Дукха нах бац стигала бовла лиинчех шайн и лаам кхочуш хилла. Стенна? – КIезиг лехна хила тарло-кх, кΙезиг тешна хила тарло-кх шайн лаамех.
Садулаев Мусас, шерийн боларе, таронийн бараме гΙийла бΙаьрг бетташ а ца Ιаш, кхочушбина шегахь баьхна хьогам – иза хΙинца кест-кеста тΙемаволу. ГΙенаха а доцуш – сомах. Цуьнан шен долахь ду жима хΙаваан кема.
Амма Ιалашонаш а хуьлийла ду адаман цхьа а доза а доцуш. Муса хьаьгна ву, шена доггΙу кема а нисдина, оцу кеманахь дуьненна а готаса.
Ойла дозанийн гуре ахь лацийтахь, хир дац хьан аьллар. ДΙадаха и дозанаш – тΙаккха кхочур хьо муьлххачу а ирхенашка!