ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко "сатухуш хиларе" кхайкхина Кубе


Прайс Нед
Прайс Нед

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто собаре хиларе кхайкхина Куба, дIадаханчу кIиранан дийнахь, кху тIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь ца хиллачу кепара, коммунистийн Iедалшна дуьхьал цигахь шуьйра акцеш хиллачул тIаьхьа. Цуьнах лаьцна яздо Американ Аз зорбан гIирсо

"Оха кхайкхам бо сатухуш хиларе, ткъа емал до маьршачу демонстранташна муьлххачу а кепара ницкъбар. Оха иштта кхойкху Кубин Iедале, маьрша дуьхьалонан акце арабовлар бахьана долчу лецнарш маьршабахаре", - дIахьедина журналистишка Пачхьалкхан департаментан векало Прайс Неда (Ned Price).

Куба, Iедална дуьхьал акци. Товбеца-бутт, 11-гIа, 2021 шо
Куба, Iедална дуьхьал акци. Товбеца-бутт, 11-гIа, 2021 шо

Дийцарехь, верриг а Кубехь дIалаьцнера 150 гергга демонстрант, амма Reuters хаамийн агенталло бинчу хаамца, царах 12 бен дIахецна вац.

Прайса билгалдаккхарца, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ хьожуш ю, гIайрена тIехь иккхинчу экономикан кризисна дуьхьал арабевллачу эзарнаш демонстранташна шега хIун гIо далур ду.

Сенатехь кIезиг болчу Республикан партин векалийн хьалханчо Макконнелл Митча иштта дIахьедар дина журналисташка шинарин дийнахь: "Тхан озабеpам бу Кубан халкъехьа. И эргIада, бандитийн режим йолу ду 70 шо".

Макконнелла тIетуьйхира, шена ца хаьа тоъала ницкъ болуш ю-яц дуьхьалонан акцеш, "бандиташ эшо" аьлла, билагалдоккху Американ аз портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG