ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден а, Путин а цхьаьнакхетачу юкъанна Женевехь Навальныйн граффити йина


Женева. Навальны1 Алексейца граффити

Кхаарин дйинахь, Мангал-беттан 16-чохь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн - Байден Джон а, Путин Владимиран а цхьанакхетар дIахьондолчу Женевехь Оьрсийчоьнан политикан Навальный Алексейн граффити гучуяьлла, "Тхан заманан турпалхо" аьлла, францхойн маттахь тIе а яздина.

Охан-баттахь Санкт-Петербургерчу трансформатаран будки тIехь диллинарг санна сурт ду хIинца граффитица кечдинарг а. ПIелгашца дог а гойтуш вара цу тIехь Навальный. Буха яздина дара "Тхан заманан турпалхо". Пхи сахьт даьллачул тIаьхьа сурт къайладаьккхира коммуналан белхахоша басар а хьаькхна. Полицино бехкзуламан гIуллакх айдира, вандализм лелийна аьлла. ТIаьххьара а шайн сацам юхабаьккхира прокуратурано.

Тахана, Женевехь саммит хила де дисинчу хенахь оьрсийн диаспорера векалш митинг хIоттон дагахь бу, Навальный маьршаваккхар тIе а дожош, "политикан репрессешна" а, Оьрсийчохь оппозицина дуьхьал болчийн бакъонаш йохорна а дуьхьал а.

Селхана, Америкерчу NBC телеканалан журналистна жоп луш, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедира, Оьрсийчоьнан "Iедал дац цхьаъ вуьйш" аьлла. Оцу дешнашца жоп делира Путина, Навальный Алексейна дIовш даларна Кремль декъахь хила мегаш хиларх шега деллачу хаттарна. Путина юха а ца яьккхира Навальныйн цIе, я ца делира Оьрсийчоьнан президента жоп, Навальный дийна аравера вуй набахтера аьлла, динчу хаттарна а.

Оцу юкъанна, Кремлан сайтерчу стенограмехь юкъарадаьккхина, Навальный Алексейх лаьцна деллачу хаттарна "суна бен-башха дац" аьлла, Путина делла жоп а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG