ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусино Оьрсийчоьне дIавелла Украинера араваьккхина дагестанхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинера араваькххина 31 шо долу Дагестанера вахархо Нурмагомедов Шемал Оьрсийчоьне дIавелла Беларусин Iедалша. Цуьнан хIусамнанас бина и хаамКавказ.Реалиига.

"Байначу беттан 8-чохь Беларусера араваьлла иза, хIетахь дуьйна сайн майрчух лаьцна хууш хIума дац суна", - аьлла Нурмагомедовн хIусамнанас. Цо бахарехь, террорхошца юкъарлонаш лелийна аьлла, бехкаш дехкина цунна Оьрсийчоьно.

Карарчу шеран Чиллан-баттахь дуьйна Гомелерчу (Беларуси) номер 1 йолчу СИЗО-хь латтош вара Нурмагомедов, Оьрсийчоьне экстрадици яре ладоьгIуш.

Киевн кIоштахь Чиллан-баттахь шен махкахошца цхьана Украинан кхерамзаллин Урхаллан (СБУ) белхахоша лаьцна Нурмагомедов, шолгIачу дийнахь Беларусе дIахьажийра.

ХIетахь дIахьедира СБУ-но, Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан гаранах лаьцна талламан барамаш бу шаьш дIахьош, ткъа лецнарш бакъо йоцуш Iаш хиллера Украинехь аьлла. Лаьцначех шиъ Украинера ара ма ваьккхи Оьрсийчоьне дIавеллера. Кхин а шиъ бакъо йоцуш шайн пачхьалкхе баьхкинарш латточу центре вигира, тIаьхьо кхелан сацамца маьрша ваьккхира. Украинан низамаш дохорна лаьцнера уьш аьлла, хьесап дина хиллера кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG