Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Беркате гIуллакх дар" бтлгало яларца совгIат дина Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина. И совгIат делла цунна "гIоьналлин а, юкъараллин а гIуллакх" дарна, аьлла ду официалан низамийн информацин интернет-порталехь.
Кадырова Аймани президент ю регионерчу юкъараллин Кадыров Ахматан фондан. И фонд юкъатоьхна ю Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сакцийн тептарна, "Магнитскийн глобалан Акт" низам бухе а диллина. Оцу тептарна юкъатоьхна бу Американ Iедалша адамийн бакъонаш талхош болу нах.
- Кху деношкахь хаамаш баьржира Кадырова Айманина хьалха уллу 1-чу тIегIан билгало елла хиларх лаьцна, "ГИБДД-хь гIуллакх деш кхиамаш гайтарна".
- 2005-чу шарахь Нохчийчохь иза кхайкхийра "Шеран адам"; оццу шарахь хилира цуьнах Нохчийн республикан лараме гражданин.
- 2008-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан указца Кадырова Айманина елира Халкъийн ДоттагIаллан орден.