Карарчу беттан 9-чу дийнера схьа дуьйна коронавирусна дуьхьал мехий тоьхнарш бен буьтур бац Нохчийчохь маьждигашка. Мехкан муфтийс Межиев Салахьа бина и хаам, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь.
Цо бахарехь, и сацам тIеэцна республикехь коронавирусан ун даржар сацорхьама, баларш лахдан, гонахара нах а Iалашбархьама.
"ТIедогIучу пIераскан дийнахь нохчийн маьждигашка вакцинаци яйтина бахархой бен буьтур бац. Маьждигашкахь ларъян дезар ду социалан дистанци а. Тахана гуш ма-хиллара, ун даьлла нах совбуьйлуш бу, цундела дозанаш ца дитича ца довлу. Вайн махкахь юкъабалийна ца Iаш, оцу кепара барамаш доллу дуьненахь а тIеоьцуш бу", - аьлла муфтийс.
Межиевс кхайкхам бина бахархошка, пандемих шаьш а, шайна гонахара нах ларбархьама, прививкаш яйтахьара аьлла.
Карладоккху, тIаьххьарчу статистикаца Нохчийчохь ун даьлла 69 вахархочунна. Пандеми яьржичхьана велла коронавирусан уьнах 171 дархо.