ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцинаци йина аьлла, карахь кехат доцу машенлелорхой Соьлжа-ГIала ца буьту


Нохчийчохь коронавирусан ун даьржинчу юкъанна мехкан Iедалхоша юха а дозанаш тоьхна дIасалеларна. Оршотан дийнахь дуьйна, нагахь санна, карахь прививка яран тоьшалла дацахь, шахьара чу вуьтуш вац, ишта бехкамаш бу кIошташна юкъахь дIасалеларехь а. Кавказ.Реалиин дехарца корреспондент гIоьртира Соьлжа-ГIала а, кхин а Нохчийчоьнан масех кIошта а кхача.

Кху беттан 12-чохь дуьйна Соьлжа-гIала чу вуллучохь Iуьйранна дуьйна яккхий машенийн раьгIнаш ю – хIора машенлелорхочуьнгара кехаташка хьуьйсуш. Юкъарчу транспорта тIехь дIасаваха аьтто бу, масканаш а лелош. Делкъа хан хуьлучу заманчохь кехаташка хьежар мел а лахло, юкъ-кара бен талламаш а ца беш.

Республикан ярташкахула чекхвала таро ю вакцина йина аьлла, тоьшалла дацахь а, нагахь санна, хехь лаьттачарна хьо эвлах а ваьлла, дIавоьдуш вуй дIахаийтахь. Генарчу мехкан кIошташкахь а документ карахь хила дезаш ду.

Кавказ.Реалиин корреспонденто комментарий йийхира Нохчийчуьрчу некъан полицин урхалле (ГИБДД) долчу хьолах лаьцна.

"Цхьа а раьгIнаш яц, цхьаьнгга а хоьттуш кехаташ а дац", - аьлла, жоп делира цара.

Оцу юкъанна, Нохчийчуьрчу бахархоша мессенджерехула суьрташ а, видеош яржайо, Соьлжа-ГIала чувуллучохь лаьттачу машенийн раьгIнийн.

2020-чу шеран Охан-баттахь, коронавирусан пандеми йолаеллачу муьрехь а цхьаьна дозанаш деттара Iедалхоша Соьлжа-ГIала боьлхучарна. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омраца кхечу регионашкара машенаш чу юьтуш яцара.

Кадыровс чIагIдора, "коронавирус чу ца яийтархьама махкахь бехарш а буьтур бац Нохчийчу" бохуш.

Официалан статистикаца а догIуш, тIаьххьарчу дийнахь-буса Нохчийчохь 108 стагаца коронавирус къаьстина, велла уьнах цхьана 24 сахьтехь 10 дархо.

Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллиана а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG