ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула бехкебечаьргахьа гIо даьккхина полисхочо


2019-чу шарахь Магасехь хиллачу митингера сурт

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан юкъараллан кхерамзаллин урхаллан хьаькамо Сапралиев Къурейша тоьшалла дина, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь дIаяьхьначу митингехь къепедацарш лелорна бехкебечарна тIехIуттуш. "Кавказский узел" интернет-ресурсо бина и хаам.

Бехкаш дохкучийн агIор теш санна хьалхатеттина вара Сапралиев, амма кхелан ладегIаршкахь цо дIахьедира, таIзаре хIоттийначу шиммо - Барахоев Ахьмада а, Чемурзиев Бараха а ницкъбар ца хьехнера аьлла. Мелхо а, протестхой дIатебан хьийзара уьш, дийцина цо. Полисхочо тIечIагIдина, ОМОН юкъагIортталц митингехь къепе йохийна яцара аьлла.

Иштта, цо билгалдаьккхина, гIалгIайн протестийн лидерша вовшахтоьхнера бохучу, экстремистийн юкъараллех шена хууш дацара аьлла. Нагахь санна, оцу тайпа организаци хиллехь а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана царех лаьцна хиъна а, цара цхьа реакци йина хир яра аьлла цо.

Оццу тайпана мукIарло дина гIалгIайн динан урхаллан векалша а, дахначу шинарин дийнахь кхелахо шайга динчу хеттаршна жоьпаш луш.

"Цхьахволчу имамо элира, "дуьне чIапа ду бохучух тешар ву со, республикехь экстремистийн юкъаралла яра бохучух ца тешаш" аьлла", - дийцина адвокато Куриев Мохьмада ладегIарш дирзича.

Нохчийоьнан куьйгахочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан урхаллехь лаьттинчу Евкуров Юнус-Бека а дозанах долу документ тIечIагIдинчул тIаьхьа реза боцуш протесте бевлира ГIалгIайчуьра бахархой. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а. И бахьана долуш толлучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву 30 гергга стаг. Шаьш протестхоша бехкаш дохку ницкъхошна, дуьххьара зударшна а, къаношна а дуьхьал цара ницкъбаьккхира бохуш.

Карарчу-беттан 8-чохь хиллачу кхелан кхеташонехь Магасехь гайтира хиллачу митингех видеоматериалаш. Царна тIехь а гуш ду, кхеле хIиттийначара Iедалхойн векалшна дуьхьал ницкъ ца баьккхина хилар.

Хьалхо бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар)политикан тутмакхаш бу аьлла, билгалбехира Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а, Нальгиев Исмаил а, Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG