ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула левинчо бIостане тоьшаллаш дина


Магасера митинг. (Архивера сурт)
Магасера митинг. (Архивера сурт)

2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хиллачу протестийн лидершна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула Ессентуки гIаларчу кхело левина къайлаваьхьна теш. Цо мукIарло дина, бехкебечеран позицигахьа безам болуш ву ша аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига адвокато Ахильгов Калойс.

Чемурзиев Барахан а, Барахоев Ахьмадан а юристо дийцарехь, къайлаваьккхина теш ву 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь митингехь хилларг. Цуьнан цIе хьулъяран бахьана ду, шена кхерамаш тийса тарло аьлла, цунна хетар. Цкъачунна цхьана а кепара кхерамаш тийсина бац цунна.

Таллам дIахьочу муьрехь ша дийцинчуьнца бIостане ду тешо хIинца дийцинарг.

"Цо дийцира, цхьана агIор, митингхошкахьа вара ша бохуш, вукху агIор, царна дуьхьал жоьпаш дала гIертара иза. Интересе вара теш, кхеташо къевлинчу неIаршкахь дIахьош хиларна, цхьа хIума эр дара ас, митингехь кхеле хIиттийнарш гина шена аьлла, тIечIагIдина цо. Амма, масала, цара дуьхьал ницкъ баьккхирий хаьттича а, бехкбуьллучарна хаа луучу кхечу хеттаршна а жоьпаш дала ца хиира цунна", - дийцина Ахильговс.

Адвоката бахарехь, тешаш лебар дерза герга ду. Висинарг 15 гергга теш ву. Цул тIаьхьа адвокаташна дош лур ду. Цул совнах, Чемурзиев Барахна бехкаш дохкучуьнга а кхелахой ладегIна бевлла.

Карладоккху, 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца дозанаш хуьйцуш, барт бича протесте бевлира кхеле хIиттийна Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. ШолгIачу дийне яьлла митинг полисхоша йохийра, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакхаш даха долийра протесташкахь хиллачарна дуьхьал. Уьш бехкебо, экстремистийн юкъаралла кхолларна а, полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а. Шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту бехкебечара.

Уьш берриш а политикан тутмакхаш лерина бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG