ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан дийнахь Москвахь къевлина хир ду маьждигаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIурбан де даздар Москвахь дIахьура ду кхушара онлайн-рожехь. Цунах лаьцна хаа бо"Коммерсант" газето, Оьрсийчоьнан бусалба динан урхаллина тIе а тевжаш. Рузбан ламаз дийр ду Оьрсийчоьнан коьртачу гIалин цхьана коьртачу маьждигехь, кхечу маьждигашкахь а, ткъа иштта меттигерчу динца йоьзначу вовшахтохаршкахь а иза дан ца оьшу аьлла хьехар дина динан урхалло.

Москварчу динан урхаллана хетарехь, бусалбанаша гIурбан дийнахь шайн хIусамашкхь кхолла деза дездийнан сурт, муфтис бечу дездийнан хьехаме онлайн-рожехь ла а дугIуш.

Болчу хаамца, и сацам тIеэцна диндайша, коронавирус яьржаш хиларан кхерам хиларна Роспотребнадзоро а, Москван Iедало а тIеэцна омра тидаме а эцна.

Регионашкарчу бусалба динан урхаллаш шаьш бийр бу сацам, гIурбан де даздар хьокъехь шаьш долчура эпидемица доьзна хьоле хьажжина, аьлла ду Бусалба динан урхалло бинчу кхайкхамехь.

Кхушара ГIурбан (ал-Адхьа) денош дуьйлалуш ду бусалбанашна Товбеца-беттан 20-хь. Ислам динехь уггаре дезаде (Iийд) лоруш ду Iийд ал-Адхьа.

Коронавирус яржар бахьана долуш, стохка а ца дайтира Москварчу бусалбанашка маьждигашкахь цхьаьнакхетта ламазаш.

Коммерсанто бигалдаккхарехь, Бусалба динан Оьрсийчоьнан урхаллан гIантден муфтийн Гайнутдина Равилан хьехамна трансляци йийр ю "Россия 1" телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG