ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан хиллачу куьйгалхочун вешин кIант вийна. Бехкево цунна ММА-н латархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхо де хьалха йиттина, Дагестанан хиллачу куьйгалхочун Алиев Мухун вешин кIант кхелхина дарбанан цIийнехь. Шайн хьостана тIетевжина, и хаам бина шен телеграм-каналехь республикехь арадолучу "Дагестан" журналан коьртачу редакторо Бисавалиев Мохьмада. Цо яздарехь, Алиевн гергарчунна йиттинарг хила тарло ММА-н латархо Вагабов Ислам. Де хьалха хиллачух лаьцна видео гучуелира машанехь.

Информаци зорбане йоккхучу хенахь, Кавказ.Реалиин корреспонденто хиллачу инцидентех лаьцна хоттуш, дахьийтинчу кехатна жоп ца делла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша.

Редакцин хьостано дийцарехь, Вагабов лехамашка велла ву.
"Якудза" цIарца вевза Вагабов Ислам - дагестанхойн спортхо, ММА-н латархо ву. Куьйгах каранаш а доцуш, леташ ву иза.

Кху шеран Зазадокху-баттахь Къилбаседа -ХIирийчохь ресторанехь дов даьлла, нисделлачу латарехь вийра ийначу кепехь латархо-чемпион. FCF-н версица, 31 шо долу чемпион Хадзиев Алан вара иза. Ткъа иза вийнарг ву Валиев Теймураз. ТIаьххьарчунна бехкам бира оцу меттигехь нисвеллачу спортхочун вашас, 38 шо долчу Хадзиев Вячеслава.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG