ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь оппозицин агIонашка хьежарна кегийрхой чехийна Нохчийчохь


Нохчийчоь, Аргун
Нохчийчоь, Аргун

Интернетехь оппозицин агIонашка хьежарна меттигера виъ вахархо чехийна ницкъаллин структурийн белхахоша, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цаьрца леррина "профилактикан къамел деш" яьккхина видео гучуяьлла кIиранан дийнахь, Товбеца-беттан 11-хь "ЧП-Чечня" инстаграмерчу агIонехь. Видео тIехь гуш дерг хуьлуш ду Аргунерчу полицин (ОМВД) декъехь.

Синтем бойъу мукъам а балош (дуьйцург хезаш дац) видео тIехь гойтуш ву кортош а охкийна пенаца дIахIоттийна меттигера 4 вахархо. Цаьрца къамел ду деш, чохь кегийрхойн гергарнаш а болуш.

"Кхеторан" олу къамел деш верг ву Аргунерчу полицин ОМВД-н хьаькам Байсултанов Юсуп. Цунна муха хиъна и кегийрхой интернетехь мича хьажна, кхетош дац.

Аргунера полицин дакъа сих-сиха хьехадо бакъонашларъярхоша Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна дуьйцуш.

Иштта "Мемориал" бакъонашларйон центро бинчу хаамца, 2020-чу шарахь Марсхьокху-беттан 28-чу дийнахь Чечанахь муьлуш бу ца хуучу наха лаьцна дIавигнера меттигера 7 вахархо. Масех кIиранах, тIехь ницкъ а беш, латтийнера уьш Аргунерчу полицин декъехь.

Кхушара Охан-беттан 23-хь Мемориало дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахоша Аргунехь лачкъийнера Комсомольское юьртара 26 шо долу вахархо Татаев Акраман. Т1аьхьо цуьнан нене хаам бинера иза Аргунерчу полицин декъехь ву аьлла. Полисхоша чIагIарехь, царна дуьхьало йина хиллера жимачу стага шегара, бехк-гуьнахь а доцуш, телефон дIаяккха гIоьртича.

  • "Мемориало" хьалхо кхайкхам бинера Нохчийчохь адамаш доьза довш хилар сацо юкъаозо еза дуьненаюкъара вовшахтохалаш аьлла. И дIахьедар даран бахьана дара 2017-чу шарахь, йина кхела а йоцуш, республикехь дуккха а адамаш дайар. Оцу юкъахь хьехош дара Аргунера полицин дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG