ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йиша ерна кхеле озийна Гуьмсера вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

32 шо долчу Гуьмсера вахархочунна дуьхьал айдина хилла бехктакхаман гIуллакх теллина бевлла талламан комитетан декъан белхахой. Иза бехке винера шен йоккхаха йолу йиша ерна, хаам бина меттигерчу хаамийн гIирсаша.

Талламчийн версица, байначу беттан 2-чу дийнахь Гуьмсехь шайн чохь дов даьллачу вашас легаш Iаьвдина йийна шен 39 шо долу йиша. Тоъал тоьшаллаш гулдина шаьш, прокуроро бехк тIечIагIбина оцу бехктакхаман гIуллакхца доьзна, хаам бина талламхоша.

Стохка Мангал-беттан 12-хь Гуьмсехь елла карийнера 23 шо долу Устрада-гIалара схьаяьлла Умаева Мадина. Цуьнан цIийндас йиттина йийна иха аьлла, даржийра йоьIан нанас Довлетмирзаева ХутIмата. Марзхоша еллачу бусснхь маса дIайоьллинера иза.

Талламан комитетан а, йоьIан гергарчара а тIедожорца зудчун дакъа схьа а аьхкина, экспертизаш яйтира цуьнан цIийндас йийна аьлла, даьржинчу хабаршна тIера. Юридикан гIо дехнера "Правовая инициатива" проекте еллачуьнан нанас.

Хиллачун дуьхе кхиа юкъагIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Девнан массо а декъашхошца цо цхьаьнакхетар дIадаьхьначул тIаьхьа, Довлетмирзаевас шена гечдар дийхира невце Хамидов Висхьаьже а, цуьнан нахе а, ша "доцург" дийцарна. Кхо бер дисна еллачун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG