ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йохкархошна тIера ФСБ-н эпсаршна тIе кхаччалц. Хьанна кхел йо Оьрсийчохь


Москварчу кхелан гIишло
Москварчу кхелан гIишло

Йохкархошна тIера ФСБ-н эпсаршна тIе кхаччалц. Хьанна кхел йо Оьрсийчохь даймахкана ямартваларна а, шпионалла лелорна а аьлла, материал кечйина Настоящее Время телеканало.

Колонехь даккха бархI шо хан тоьхна Ростов гIаларчу тIемагIуллакххочунна Кузьменко Татьянина, Украинана болх беш хилла аьлла, бехке а йина. Цуьнан доьзалхочун I4 шо кхаччалц тIаьхьатеттина хан.

Оццу гIуллакхна тIехула лаьцначу Украинан вахархочунна Ширинг Константинна дуьхьал даьккхина "шпионаж" аьллачу артиклехь гIуллакх.

Оцу кепара гIуллакхаш толлучу "Команда 29" юристийн юкъараллана хетарехь, пачхьалкхана ямартъяьлла аьлла, массо а кхерамечу тобанашкахь нисъелла ю Кузьменко.
Хьанна кхерам бу Оьрсийчохь къайлахчу сервисийн лерринчу тергоне нисвала?

Забайкальерчу ФСБ-г белхахо Кондратьев Максим, Красноярскера полисхо Ушаков Роман, Новочеркасскера Iилманча Темирев Алексей, Сочера йохкархо Севастиди Оксана а, Москварчу патриархатан белхахо Петрин Евгений, энергетикан компанин топ-менеджер Цуркан Карина - царна массарна а кхел йина Оьрсийчохь даймахкана ямартбевлла, шпионажалла а лелийна аьлла.

"Цхьана кампанех тера ду и гIуллакхаш кху тIаьххьарчу пхеа шерачохь", - боху "Команда 29" тобанан юристо Смирнов Евгенийс.

"Команда 29" - йозуш йоцу юристийн юкъаралла ю. Цара хIоттош ю 275-чу а, 276-чу а артиклашкахь: "Пачхьалкхана ямартвалар", "Шпионаж" артиклашкахь бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьалдохучех статистика.

ТIаьххаьрчу 20 шарахь шпионажех а, даймахкана ямартбовларх а лаьттачу гIуллакхашка бIаьргтоьхча, гуш ду, уьш бIеннал а сов хилар - 2002-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц мел лахара а II5 гIуллакх.

"Команда 29" юкъараллан зерашца, дукха хьолахь пачхьалкхана ямартбевлла олий, бехкала бохуьйту тIемагIуллакхдархой.
Кегийнах ца хуьлу царлахь: шовзткъе итт шарел тIехбевлла нах хуьлу уьш.

"Цхьана хенахь къайлахчу сервисийн белхахошна дуьхьал йолийна кампани яра: полисхошна а, ФСБ-н а, ГРУ-н а белхахошна. Кхечу пачхьалкхийн бахархошка шайн белхан меттигех дийцарна, тIеийзабора уьш", - бохуш, дуьйцу "Команда 29" юкъараллан адвокато Смирнов Евгенийс.

275-чу а, 276-чу а артиклашкахь дуьхьал айдечу бехтакхаман гIуллакхийн терахь шераш дIа мел оьху асамдуьйлуш ду.
Путин Владимир пачхьалкхан куьйгалле веанчу хьалхарчу иттех шерачохь виъ-виъ стагана кхел йира пачхьалкхана ямартваларна а шпионалла лелорна а (2002-чу шарера 20I0-чу шаре кхаччалц 32 гIуллакх). Ткъа тIаьхьарчу итт шарахь исс-исс стаг (20II-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц 83 бекхзуламан гIуллакх. ТаIзаре хIиттийначарлахь дукхкхберш божарий бу (9I процент божарий а, 9 процент зударий а).

Кхеле озийнарг зуда елахь, декъашхо санна нисло иза. Я хIусамнана, я коьрта бехкевечун нана хуьлу иза. Адвокаташа кхетадарца, къайлахчу сервисаша тидам латтон говзаллаш йолчу зударийн процент лахара хиларна.

Даймахкана ямарбевллачу гIуллакхашца бехкебо цхьана хенахь эпсарш хилларш, къайлахчу сервисийн белхахой, тIемагIуллакхдархой, флотехь гIуллакхдийраш.

2000-гIа шераш дуьйладелчхьана резонансе гIуллакхаш Iилманчашна дуьхьал а цхьана даха долийра. Масала, пачхьалкхана ямартхилла аьлла, набахтехь бархI шо даьккхина физика Данилов Валентина. Къайленан документаш кийтайхошка дIакхачийна бохура цо.

Ша колонера араваьллачул тIаьхьа Европерчу адамийн бакъонийн кхеле велира иза, цара тIечIагIдира, Оьрсийчуьрчу Iилманчана харцонца кхел йинера аьлла.

Пачхьалкхана ямартбевлла бохуш,Iилманчашна дуьхьалдоху гIуллакхаш оцу артиклехь бехкебечийн пхоьалгIа дакъа.
Дукха хьолахь, гIеметтахIиттина нах хуьлу кхеле хIиттийнарш.

"Бутт, ши бутт ца болу пачхьалкхана ямартваьлла олий, цхьа гоьваьлла Iилманча дIа ца лоцуш. Со хууш вац, и стенца доьзна ду, амма цхьа шеко ю - уггар а тIекховда йиш йолуш нах бу уьш, хIунда аьлча, Советан заманан бераш ду уьш, уьш теша кхелах а, талламах а", - боху Смирновс.

Дукха хьолахь Оьрсийчоьнан бахархой бехкебо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна я Китайна болх беш бу олий.
2008-чу шарахь Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь тIеман конфликт хиллачул тIаьахьа тептар стамделла догIу.

"Команда 29" тобанхойн хьесапашца, 2008-чу шеран Марсхьокху-баттахь тIом болалучу хенахь цхьана Краснодаран кIоштахь ФСБ-но кхел яйтира мел лахара а итт стагана, Гуьржийчоьнна болх беш бара уьш аьлла.

Оцу юкъанна, къайлаха сервисаш бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал ийдан буьйлабелира пхи шо даьллачул тIаьхьа, 20I3-чу шарахь.
"Сочехь даймахкана ямартбовларх гIуллакхаш вай хьахадахь, цигахь беккъа зударий бара", - дуьйцу Смирновс.

ТIом балабалале яхьийтина смс бахьана долуш туьканарчу йохкарчунна Севастиди Оксанина 7 шо хан кхачийра. Талламчийн версица, цуьнгара хаам кхаьчна хиллера гуьржийн иччархочуьнга.

Адлерерчу депо тIехь болх беш хиллачу Джанджгава Маринас шена вевзачу Гуьржийчуьрчу стаге яздина хиллера, Сочехь тIеман техника йиллина дIасалела йоьлла аьлла - I2 шо туьйхира цунна.
Сочин яхархочо Тутисани Ингас шена вевзачу гуьржийчуьнга яздина хиллера, Сочин хIордйистехь тIеман хIордкема гина аьла - 4 шо кхайкхийра цунна.

Оццу схемица набахте хьажонза йисира 20I4-чу шарахь Давыдова Светлана, Смоленскан кIоштара боккхачу доьзалан нана.
Донбассера конфликт марсаяьллачу заманчохь Украинан векалте телефон тоьхнера цо.

Карарчу хенахь, "Команда 29" юкъараллан статистикаца, кхерамечу хьолехь бу ГIирман бахархой. Дукхаъболчийн гергара нах а, доттагIий а бисина Украинехь.

Кху деношкахь колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийна Кузьменко Татьяна кхераман оцу массо а группашкахула йоьдуш ю: тIемагIуллакхдархо, ГIирмехь гуллакх деш хилла иза, гергарнаш Украинехь бу цуьнан а.

20I4-гIа шо карадаллалц оцу тайпа гIуллакхаш дацара. ГIирмана аннекси йина ялх шо даьллачул тIаьхьа 25 сов хаам баьржира, украинхойн къайлахчу сервисийн белхахой я церан агенташ лецна - шпионажалла лелийна аьлла, шеконаш йолуш Оьрсийчоьнан я Украинан бахархой

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG