ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла штамм бахьанехь Оьрсийчохь 14 процентна алсамдевлла баларш


Стохкалерачу шарца дуьстича, Мангал-баттахь Оьрсийчохь баларш 14 процентна ала мегар долуш алсамдевлла. Пачхьалкхан вице-премьера Голикова Татьянас бина цунах лаьцна хаам. Оьрсийчохь керла коронавирусан "дельта" олу штамм яржарца дузу цо баларш цIеххьана дукха хилар. Билггал маса стаг велла дуьйцуш дац, амма стохка Мангал-баттахь беллачу нехан терахье хьаьжча тIекхиа хала дац. 163 эзар гергга вара стохка уьнах оцу хенахь велларг. Ткъа байначу баттахь кхелхина 185 эзар сов дархо.

Мангал-бутт бовш дуьйна Оьрсийчохь денна цомгаш хьулуш ву 20-нна тIера 25 эзаре кхаччалц а, кхин а сов стаг. ТIаьххьарчу деношкахь рекорде даьлла дийнахь-буса COVID-19 вирусах леш болчийн терахь - 700 сов.

Коронавирусан ун хьакхаделлачу Москван бахархошлахь 90 процент цомгаш бу "дельта" вирусах аьлла, хьалхо бохура шахьаран мэро Собянин Сергейс а.

Эпидемин кхозлагIа тулгIе яьржачу юкъанна Оьрсийчоьнан иттаннашкахь регионашкахь тIейожина вакцинаци. Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан бахархошлахь бинчу хаттамца а догIуш, кхо дакъа а дац прививкаш яйта резаберш.

Дукхахболчийн тешам бац вакцинацин процессех, Iедалх, оьрсийн вакцинех. Оцу хьелашкахь лоьраш юкъахь а болуш бозбуанчалаш ду лелош: къайлах духкуш ду COVID-сертификаташ а, вакцина а ца тухуш, эца тарло QR-код а.

Керла юкъаяьлла, "хIиндойн" лору штамм уьне ю "Уханерчу вирусан версил" а, схьагарехь, цамгар хала токху дукхачу меттигашкахь. Говзанчийн зерашца, дуьненахь вакцинаци яр сих ца дахь, и штамм тIаьххьара а хир яц, хетарехь, хир яц я уггар кхерамечех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG